Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 97
-
جَعَلَ اللَّهُ الْكَعْبَةَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ قِيَامًا لِلنَّاسِ وَالشَّهْرَ الْحَرَامَ وَالْهَدْيَ وَالْقَلَائِدَ ۚ ذَٰلِكَ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَأَنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дала дина КаIба – хьурман цIа – нахана гIоьнна а, пайденна а, /иштта хилийтина Дала/ хьурман бутт а‚ гIурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хIуманаш, и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг хууш вуйла‚ Дела массо а хIума хууш верг вуйла
5:97
Гочдар: Магомед Магомедов