Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 95 – 97
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقْتُلُوا الصَّيْدَ وَأَنْتُمْ حُرُمٌ ۚ وَمَنْ قَتَلَهُ مِنْكُمْ مُتَعَمِّدًا فَجَزَاءٌ مِثْلُ مَا قَتَلَ مِنَ النَّعَمِ يَحْكُمُ بِهِ ذَوَا عَدْلٍ مِنْكُمْ هَدْيًا بَالِغَ الْكَعْبَةِ أَوْ كَفَّارَةٌ طَعَامُ مَسَاكِينَ أَوْ عَدْلُ ذَٰلِكَ صِيَامًا لِيَذُوقَ وَبَالَ أَمْرِهِ ۗ عَفَا اللَّهُ عَمَّا سَلَفَ ۚ وَمَنْ عَادَ فَيَنْتَقِمُ اللَّهُ مِنْهُ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ
ХIай ийман диллинарш! Аш дийнаташ (акхарой) ма дайалаш шаьш хьаьждихкина долуш. Шух шена хуъушехь цхьаммо и диэхь – цуьнан бекхам бу даьхнех цо дайинчун барам /сагIина даккхар/‚ цуьнца хьукам дийр ду шух шина Iедале волчу стага и гIурбанна кечдина бежана КаIбе кхочуьйтуш‚ я /цуьнан бекхам бу/ каффарат дар – мискачу нахана даа хIума далар‚ я цуьнан метта (мискачарна дала хIума дацахь) марха кхабар‚ шен гIуллакхан бāла Iовшархьама. Гечдина Дала хьалха даьлларг. Юха а цунна тIеверзахь (и къа дан) цуьнгара бекхам оьцур бу Дала. Дела веза верг а ву‚ бекхам оьцуш а ву
5:95 -
أُحِلَّ لَكُمْ صَيْدُ الْبَحْرِ وَطَعَامُهُ مَتَاعًا لَكُمْ وَلِلسَّيَّارَةِ ۖ وَحُرِّمَ عَلَيْكُمْ صَيْدُ الْبَرِّ مَا دُمْتُمْ حُرُمًا ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Хьанал ду шуна таллар дан хIордан дийнаташна‚ цуьнан (хIордан дийнатийн) кхача а шуна а‚ /новкъахь/ боьлхучу нахана а /хьанал бу/ пайдаэца. Хьарам ду шуна таллар дан аренан дийнаташкахь шу хьаж (я мрат) дихкина мел ду. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе гулдийр долчу
5:96 -
جَعَلَ اللَّهُ الْكَعْبَةَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ قِيَامًا لِلنَّاسِ وَالشَّهْرَ الْحَرَامَ وَالْهَدْيَ وَالْقَلَائِدَ ۚ ذَٰلِكَ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَأَنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дала дина КаIба – хьурман цIа – нахана гIоьнна а, пайденна а, /иштта хилийтина Дала/ хьурман бутт а‚ гIурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хIуманаш, и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг хууш вуйла‚ Дела массо а хIума хууш верг вуйла
5:97
Гочдар: Магомед Магомедов