Сурат 60 Аль-мумтахьана (Зуьйш ерг), аят 1 – 6

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا عَدُوِّي وَعَدُوَّكُمْ أَوْلِيَاءَ تُلْقُونَ إِلَيْهِمْ بِالْمَوَدَّةِ وَقَدْ كَفَرُوا بِمَا جَاءَكُمْ مِنَ الْحَقِّ يُخْرِجُونَ الرَّسُولَ وَإِيَّاكُمْ ۙ أَنْ تُؤْمِنُوا بِاللَّهِ رَبِّكُمْ إِنْ كُنْتُمْ خَرَجْتُمْ جِهَادًا فِي سَبِيلِي وَابْتِغَاءَ مَرْضَاتِي ۚ تُسِرُّونَ إِلَيْهِمْ بِالْمَوَدَّةِ وَأَنَا أَعْلَمُ بِمَا أَخْفَيْتُمْ وَمَا أَعْلَنْتُمْ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْهُ مِنْكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ

    ХӀай ийман диллинарш! Ма лийца Сан мостагӀ а‚ шун мостагӀ а доттагӀий‚ аш цаьрга безам а кхийдабеш. Цара керста ма дина шуьга деана долу бакъдерг‚ шаьш аравоккхуш элча а‚ шу а /цӀеношкара/ деккъа шу Делах шаьш Кхиош-кхобуш волчух тешаш долу дела. Шу арадевлича гӀазотана Сан новкъахь‚ Сан реза хилар лоьхуш /ма лийцалаш керстанаш шайна доттагӀий/. Аш /дегнашкахь/ хьулбора цаьрга безам, Со дика хууш ву аш хьулдинарг а‚ аш дӀахьединарг а. Шух иза деш верг тилавелла ву нийсачу некъах

    60:1
  2. إِنْ يَثْقَفُوكُمْ يَكُونُوا لَكُمْ أَعْدَاءً وَيَبْسُطُوا إِلَيْكُمْ أَيْدِيَهُمْ وَأَلْسِنَتَهُمْ بِالسُّوءِ وَوَدُّوا لَوْ تَكْفُرُونَ

    Шуна тӀехь шайна аьтто баьлча – шуна мостагӀий хуьлу царах‚ шуна тӀекхийдадо шайн куьйгаш а‚ шайн меттанаш а /шуна/ зен дарца‚ царна лиира аш /и бакъдерг/ керстадойла

    60:2
  3. لَنْ تَنْفَعَكُمْ أَرْحَامُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ ۚ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يَفْصِلُ بَيْنَكُمْ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Банне а шуна пайда бийр ма бац шун гергарлонаша а‚ шун доьзалша а къематдийнахь: Цо къастам бийр бу шуна юккъехь. И Дела аш дийриг гуш ма ву

    60:3
  4. قَدْ كَانَتْ لَكُمْ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ فِي إِبْرَاهِيمَ وَالَّذِينَ مَعَهُ إِذْ قَالُوا لِقَوْمِهِمْ إِنَّا بُرَآءُ مِنْكُمْ وَمِمَّا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ كَفَرْنَا بِكُمْ وَبَدَا بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمُ الْعَدَاوَةُ وَالْبَغْضَاءُ أَبَدًا حَتَّىٰ تُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَحْدَهُ إِلَّا قَوْلَ إِبْرَاهِيمَ لِأَبِيهِ لَأَسْتَغْفِرَنَّ لَكَ وَمَا أَمْلِكُ لَكَ مِنَ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۖ رَبَّنَا عَلَيْكَ تَوَكَّلْنَا وَإِلَيْكَ أَنَبْنَا وَإِلَيْكَ الْمَصِيرُ

    Хаза масал ма хилира шуна ИбрахӀимехь а‚ цуьнца хиллачаьргахь а‚ цара аьлча шайн нахе: 'Тхо цӀени ду шух а‚ аш шайна, Дела а витина, Ӏибадат дечу хӀуманех а. Оха шуна керстаналла дина. Тхуний‚ шуний юккъехь мостагӀалла ю‚ оьгӀазло а ю гуттарена аш веккъа цхьана Деле ийман диллалц'. ИбрахӀиман шен дега аьлла цхьа дош доцург /цунах масал ма эца/: 'Данне а хьуна гечдар доьхур ду ас Деле‚ /хӀетте а/ Делера хьуна цхьанна хӀуманна доладеш-м вац со'. /Цара ИбрахӀима а‚ цуьнан накъосташа а доӀа дора/: 'Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела! Хьуна тӀетевжи тхо‚ Хьуна тӀедирзи тхо‚ Хьуна тӀе ду-кх тхан дӀадерзар а

    60:4
  5. رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا فِتْنَةً لِلَّذِينَ كَفَرُوا وَاغْفِرْ لَنَا رَبَّنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела! Тхьох питна ма делахь цатешначарна‚ Ахь гечделахь тхуна‚ тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а'

    60:5
  6. لَقَدْ كَانَ لَكُمْ فِيهِمْ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ لِمَنْ كَانَ يَرْجُو اللَّهَ وَالْيَوْمَ الْآخِرَ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ

    Шуна хили цаьргахь хаза масал Деле а‚ къематдийне а дог дохуш волчунна. /Оцунах/ милла а дӀаверзахь баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву

    60:6

Гочдар: Магомед Магомедов