Сурат 60 Аль-мумтахьана (Зуьйш ерг), аят 4
-
قَدْ كَانَتْ لَكُمْ أُسْوَةٌ حَسَنَةٌ فِي إِبْرَاهِيمَ وَالَّذِينَ مَعَهُ إِذْ قَالُوا لِقَوْمِهِمْ إِنَّا بُرَآءُ مِنْكُمْ وَمِمَّا تَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ كَفَرْنَا بِكُمْ وَبَدَا بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمُ الْعَدَاوَةُ وَالْبَغْضَاءُ أَبَدًا حَتَّىٰ تُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَحْدَهُ إِلَّا قَوْلَ إِبْرَاهِيمَ لِأَبِيهِ لَأَسْتَغْفِرَنَّ لَكَ وَمَا أَمْلِكُ لَكَ مِنَ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۖ رَبَّنَا عَلَيْكَ تَوَكَّلْنَا وَإِلَيْكَ أَنَبْنَا وَإِلَيْكَ الْمَصِيرُ
Хаза масал ма хилира шуна ИбрахIимехь а‚ цуьнца хиллачаьргахь а‚ цара аьлча шайн нахе: 'Тхо цIени ду шух а‚ аш шайна, Дела а витина, Iибадат дечу хIуманех а. Оха шуна керстаналла дина. Тхуний‚ шуний юккъехь мостагIалла ю‚ оьгIазло а ю гуттарена аш веккъа цхьана Деле ийман диллалц'. ИбрахIиман шен дега аьлла цхьа дош доцург /цунах масал ма эца/: 'Данне а хьуна гечдар доьхур ду ас Деле‚ /хIетте а/ Делера хьуна цхьанна хIуманна доладеш-м вац со'. /Цара ИбрахIима а‚ цуьнан накъосташа а доIа дора/: 'Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела! Хьуна тIетевжи тхо‚ Хьуна тIедирзи тхо‚ Хьуна тIе ду-кх тхан дIадерзар а
60:4
Гочдар: Магомед Магомедов