Сурат 60 Аль-мумтахьана (Зуьйш ерг), аят 7 – 13

  1. عَسَى اللَّهُ أَنْ يَجْعَلَ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَ الَّذِينَ عَادَيْتُمْ مِنْهُمْ مَوَدَّةً ۚ وَاللَّهُ قَدِيرٌ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Тарло Дала шуна а‚ царах аш шайца мостагӀалла лелош йолчарна а юккъехь безам хилийта. Дела ницкъ кхочуш ву. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    60:7
  2. لَا يَنْهَاكُمُ اللَّهُ عَنِ الَّذِينَ لَمْ يُقَاتِلُوكُمْ فِي الدِّينِ وَلَمْ يُخْرِجُوكُمْ مِنْ دِيَارِكُمْ أَنْ تَبَرُّوهُمْ وَتُقْسِطُوا إِلَيْهِمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ

    Дала ца магош дац шуна дин бахьанехь шуьца тӀом ца бинчарна а‚ шу шайн цӀеношкара ара ца даьхначарна а диканиг дан а‚ аш цаьрца нийсо ян а. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш

    60:8
  3. إِنَّمَا يَنْهَاكُمُ اللَّهُ عَنِ الَّذِينَ قَاتَلُوكُمْ فِي الدِّينِ وَأَخْرَجُوكُمْ مِنْ دِيَارِكُمْ وَظَاهَرُوا عَلَىٰ إِخْرَاجِكُمْ أَنْ تَوَلَّوْهُمْ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    Боккъалла а, Дала ца маго шуна дин бахьанехь шуьца тӀом биначарах‚ шу шайн цӀеношкара арадаьхначарах‚ шу арадахарна тӀехь гӀодиначарах аш шайна доттагӀий лийца. Царах доттагӀий луьйцуш берш уьш зуламхой бу

    60:9
  4. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا جَاءَكُمُ الْمُؤْمِنَاتُ مُهَاجِرَاتٍ فَامْتَحِنُوهُنَّ ۖ اللَّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِهِنَّ ۖ فَإِنْ عَلِمْتُمُوهُنَّ مُؤْمِنَاتٍ فَلَا تَرْجِعُوهُنَّ إِلَى الْكُفَّارِ ۖ لَا هُنَّ حِلٌّ لَهُمْ وَلَا هُمْ يَحِلُّونَ لَهُنَّ ۖ وَآتُوهُمْ مَا أَنْفَقُوا ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ أَنْ تَنْكِحُوهُنَّ إِذَا آتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ ۚ وَلَا تُمْسِكُوا بِعِصَمِ الْكَوَافِرِ وَاسْأَلُوا مَا أَنْفَقْتُمْ وَلْيَسْأَلُوا مَا أَنْفَقُوا ۚ ذَٰلِكُمْ حُكْمُ اللَّهِ ۖ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шуьга баьхкича бевдда муъмин зударий зēлаш уьш, Далла-м дика хаьа церан ийман. Шайна хааделча уьш муъмин буйла, уьш керстанашка дӀа ма берзабелаш. Уьш (и муъмин зударий) царна (керстанашна) хьанал бац. И (керста нах) а бац царна (зударшна) хьанал. ДӀало царна (цу зударийн хиллачу керста марошна) цара йина харж (цара зударшна делла хилла долу урдо). Къа дац шуна аш уьш шайна балийча, царна шайн мах (урдо) дӀа а делла. Аш ма лийца ца тешаш болчу зударшца /зудчун-майрачун/ уьйранаш (аш ма кхаба и керста зударий). Аш еха цаьргара шаьш йина харж. Цара а юьхийла шаьш йина харж /шуьга/. Иза ду Делан хьукам: Цо до шуна юккъехь хьукам. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    60:10
  5. وَإِنْ فَاتَكُمْ شَيْءٌ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ إِلَى الْكُفَّارِ فَعَاقَبْتُمْ فَآتُوا الَّذِينَ ذَهَبَتْ أَزْوَاجُهُمْ مِثْلَ مَا أَنْفَقُوا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي أَنْتُمْ بِهِ مُؤْمِنُونَ

    Шун зударех цхьаъ дӀаяхча цатешачаьрга‚ ткъа аш тӀом бина хӀонс яккхинехь дӀало шайгара зударий дӀабаханчарна цара йина харжаца нислург /хӀонсах/. Шу кхералаш /и нийсо ца ян/ Делах‚ шаьш Цунах тешаш долчу

    60:11
  6. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِذَا جَاءَكَ الْمُؤْمِنَاتُ يُبَايِعْنَكَ عَلَىٰ أَنْ لَا يُشْرِكْنَ بِاللَّهِ شَيْئًا وَلَا يَسْرِقْنَ وَلَا يَزْنِينَ وَلَا يَقْتُلْنَ أَوْلَادَهُنَّ وَلَا يَأْتِينَ بِبُهْتَانٍ يَفْتَرِينَهُ بَيْنَ أَيْدِيهِنَّ وَأَرْجُلِهِنَّ وَلَا يَعْصِينَكَ فِي مَعْرُوفٍ ۙ فَبَايِعْهُنَّ وَاسْتَغْفِرْ لَهُنَّ اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    ХӀай пайхамар! Хьуна тӀе баьхкича муъмин зударий хьоьца дуйца барт бан /динан агӀонаш ларъян/ шаьш Делаца цхьанна хӀуманца накъост цалацарна тӀехь‚ шаьш /хӀума/ цалачъкъорна тӀехь, зина цадарна тӀехь‚ шаьш шайн бераш цадайарна тӀехь‚ шаьш цадахьарна тӀехь эладита, шаьш иза кхуллуш шайн куьйгий а‚ когий а хьалха (шен майрачунна дина доцу бер цунна тӀе ца кхуссуш)‚ шаьш дикачу хӀуманна тӀехь хьуна Ӏесалла цаярна тӀехь царца и дуйца барт бе‚ царна Деле гечдар деха. Баккъалла а, и Дела гечдийриг ву‚ къинхетаме верг ву

    60:12
  7. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَوَلَّوْا قَوْمًا غَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ قَدْ يَئِسُوا مِنَ الْآخِرَةِ كَمَا يَئِسَ الْكُفَّارُ مِنْ أَصْحَابِ الْقُبُورِ

    ХӀай ийман диллинарш! Аш доттагӀий ма лийца шайна Дела оьгӀазваьлла къам. Цара дог диллина эхартах‚ цатешачара дог диллина хиларх терра кешнийн дайх (уьш денбина гӀовторах)

    60:13

Гочдар: Магомед Магомедов