Сурат 60 Аль-мумтахьана (Зуьйш ерг), аят 10

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا جَاءَكُمُ الْمُؤْمِنَاتُ مُهَاجِرَاتٍ فَامْتَحِنُوهُنَّ ۖ اللَّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِهِنَّ ۖ فَإِنْ عَلِمْتُمُوهُنَّ مُؤْمِنَاتٍ فَلَا تَرْجِعُوهُنَّ إِلَى الْكُفَّارِ ۖ لَا هُنَّ حِلٌّ لَهُمْ وَلَا هُمْ يَحِلُّونَ لَهُنَّ ۖ وَآتُوهُمْ مَا أَنْفَقُوا ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ أَنْ تَنْكِحُوهُنَّ إِذَا آتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ ۚ وَلَا تُمْسِكُوا بِعِصَمِ الْكَوَافِرِ وَاسْأَلُوا مَا أَنْفَقْتُمْ وَلْيَسْأَلُوا مَا أَنْفَقُوا ۚ ذَٰلِكُمْ حُكْمُ اللَّهِ ۖ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    ХIай ийман диллинарш! Шуьга баьхкича бевдда муъмин зударий зēлаш уьш, Далла-м дика хаьа церан ийман. Шайна хааделча уьш муъмин буйла, уьш керстанашка дIа ма берзабелаш. Уьш (и муъмин зударий) царна (керстанашна) хьанал бац. И (керста нах) а бац царна (зударшна) хьанал. ДIало царна (цу зударийн хиллачу керста марошна) цара йина харж (цара зударшна делла хилла долу урдо). Къа дац шуна аш уьш шайна балийча, царна шайн мах (урдо) дIа а делла. Аш ма лийца ца тешаш болчу зударшца /зудчун-майрачун/ уьйранаш (аш ма кхаба и керста зударий). Аш еха цаьргара шаьш йина харж. Цара а юьхийла шаьш йина харж /шуьга/. Иза ду Делан хьукам: Цо до шуна юккъехь хьукам. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    60:10

Гочдар: Магомед Магомедов