Сурат 61 Ас-саф (МугIа)

  1. سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Далла тасбахь дина стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    61:1
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لِمَ تَقُولُونَ مَا لَا تَفْعَلُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Аш хIунда дуьйцу шаьш деш доцург?

    61:2
  3. كَبُرَ مَقْتًا عِنْدَ اللَّهِ أَنْ تَقُولُوا مَا لَا تَفْعَلُونَ

    Йоккха хилла оьгIазло Далла гергахь аш āлар шаьш деш доцург

    61:3
  4. إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِهِ صَفًّا كَأَنَّهُمْ بُنْيَانٌ مَرْصُوصٌ

    Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тIом беш берш цхьа могIа бина, шаьш чIагIйина гIишло санна

    61:4
  5. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ لِمَ تُؤْذُونَنِي وَقَدْ تَعْلَمُونَ أَنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ ۖ فَلَمَّا زَاغُوا أَزَاغَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ

    Мусас ма элира шен къоме /ахь хьахаде иза‚ хIай Мухьаммад‚ хьан нахе/: 'ХIай сан къам‚ аш хIунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма дуй со шуьга /ваийтина/ Делан элча вуйла'. Уьш /бакъдолчух/ дIабирзича Дала дIадерзира церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца до песакъ къам

    61:5
  6. وَإِذْ قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ إِنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ وَمُبَشِّرًا بِرَسُولٍ يَأْتِي مِنْ بَعْدِي اسْمُهُ أَحْمَدُ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Марьяман кIанта Iийсас ма элира‚ /ахь дагадайта иза хьан нахе‚ хIай Мухьаммад/: 'ХIай Исраилан кIентий! Баккъалла а, со шуьга /ваийтина/ Делан элча ву-кх‚ бакъдеш сол хьалха хилла Таврат а‚ кхаъ боккхуш сол тIаьхьа вогIур волчу элчанца, шен цIе Ахьмад йолуш'. ТIаьхьа иза шайга веъча билгалонашца‚ цара элира: 'ХIара билгала бозбуунчалла ду'

    61:6
  7. وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُوَ يُدْعَىٰ إِلَى الْإِسْلَامِ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Мила ву зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллина волчул‚ ша /Далла/ муьтхь хиларе (ислам дине) кхойкхуш а волуш? Дала нис ца до зуламе къам

    61:7
  8. يُرِيدُونَ لِيُطْفِئُوا نُورَ اللَّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَاللَّهُ مُتِمُّ نُورِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ

    Уьш лууш бу шайн багенашца Делан нур дайа. Дала кхочушдо Шен нур, цатешачарна и мел ца дезахь

    61:8
  9. هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَىٰ وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ

    Иза ву вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъдолчу динца и толийтархьама массо а дина тIехь, мушрикунашна иза мел ца дезахь а

    61:9
  10. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ تِجَارَةٍ تُنْجِيكُمْ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ

    ХIай ийман диллинарш! Ас нисдой шу йохка-эцарна тIе, цо шу кIелхьарадохур долуш лазош долчу Iазапах? /Иза :/

    61:10
  11. تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَتُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِكُمْ وَأَنْفُسِكُمْ ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешар ду‚ аш Делан новкъахь къахьегар ду шайн бахамца а‚ синошца а. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь

    61:11
  12. يَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ وَيُدْخِلْكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَمَسَاكِنَ طَيِّبَةً فِي جَنَّاتِ عَدْنٍ ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Цо (Дала) гечдийр ду шуна къинош‚ чудохуьйтур ду бошмашна‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ Iадн ялсаманин цIенчу гIишлошна. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!

    61:12
  13. وَأُخْرَىٰ تُحِبُّونَهَا ۖ نَصْرٌ مِنَ اللَّهِ وَفَتْحٌ قَرِيبٌ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ

    Кхин /ниIмат хир ду/, шуна ша дезаш долу Делера гIо а‚ гергара толам а. Ахь кхаъ баккха муъмин нахана

    61:13
  14. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُونُوا أَنْصَارَ اللَّهِ كَمَا قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ لِلْحَوَارِيِّينَ مَنْ أَنْصَارِي إِلَى اللَّهِ ۖ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ نَحْنُ أَنْصَارُ اللَّهِ ۖ فَآمَنَتْ طَائِفَةٌ مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَكَفَرَتْ طَائِفَةٌ ۖ فَأَيَّدْنَا الَّذِينَ آمَنُوا عَلَىٰ عَدُوِّهِمْ فَأَصْبَحُوا ظَاهِرِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Шу хилалаш Делан гIоьнчий, Марьяман кIанта Iийсас шен мутаIелимашка аьлла хиларх терра: 'Муьлш бу Делан агргахьа сан гIоьнчий?' МутаIелимаша элира: 'Тхо ду Делан гIоьнчий'. Исраилан кIентех цхьана тобано ийман диллира‚ /кхечу/ тобано керстаналла дира. ТIаккха Оха чIагIбира ийман диллинарш церан мостагIчунна тIехь уьш хилира толам баьккхинарш /делилашца а, билгалонашца а/

    61:14

Гочдар: Магомед Магомедов