Мусхаф., агӏо 551
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِذَا جَاءَكَ الْمُؤْمِنَاتُ يُبَايِعْنَكَ عَلَىٰ أَنْ لَا يُشْرِكْنَ بِاللَّهِ شَيْئًا وَلَا يَسْرِقْنَ وَلَا يَزْنِينَ وَلَا يَقْتُلْنَ أَوْلَادَهُنَّ وَلَا يَأْتِينَ بِبُهْتَانٍ يَفْتَرِينَهُ بَيْنَ أَيْدِيهِنَّ وَأَرْجُلِهِنَّ وَلَا يَعْصِينَكَ فِي مَعْرُوفٍ ۙ فَبَايِعْهُنَّ وَاسْتَغْفِرْ لَهُنَّ اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХIай пайхамар! Хьуна тIе баьхкича муъмин зударий хьоьца дуйца барт бан /динан агIонаш ларъян/ шаьш Делаца цхьанна хIуманца накъост цалацарна тIехь‚ шаьш /хIума/ цалачъкъорна тIехь, зина цадарна тIехь‚ шаьш шайн бераш цадайарна тIехь‚ шаьш цадахьарна тIехь эладита, шаьш иза кхуллуш шайн куьйгий а‚ когий а хьалха (шен майрачунна дина доцу бер цунна тIе ца кхуссуш)‚ шаьш дикачу хIуманна тIехь хьуна Iесалла цаярна тIехь царца и дуйца барт бе‚ царна Деле гечдар деха. Баккъалла а, и Дела гечдийриг ву‚ къинхетаме верг ву
60:12 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَوَلَّوْا قَوْمًا غَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ قَدْ يَئِسُوا مِنَ الْآخِرَةِ كَمَا يَئِسَ الْكُفَّارُ مِنْ أَصْحَابِ الْقُبُورِ
ХIай ийман диллинарш! Аш доттагIий ма лийца шайна Дела оьгIазваьлла къам. Цара дог диллина эхартах‚ цатешачара дог диллина хиларх терра кешнийн дайх (уьш денбина гIовторах)
60:13 -
سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Далла тасбахь дина стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
61:1 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لِمَ تَقُولُونَ مَا لَا تَفْعَلُونَ
ХIай ийман диллинарш! Аш хIунда дуьйцу шаьш деш доцург?
61:2 -
كَبُرَ مَقْتًا عِنْدَ اللَّهِ أَنْ تَقُولُوا مَا لَا تَفْعَلُونَ
Йоккха хилла оьгIазло Далла гергахь аш āлар шаьш деш доцург
61:3 -
إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِهِ صَفًّا كَأَنَّهُمْ بُنْيَانٌ مَرْصُوصٌ
Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тIом беш берш цхьа могIа бина, шаьш чIагIйина гIишло санна
61:4 -
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ لِمَ تُؤْذُونَنِي وَقَدْ تَعْلَمُونَ أَنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ ۖ فَلَمَّا زَاغُوا أَزَاغَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
Мусас ма элира шен къоме /ахь хьахаде иза‚ хIай Мухьаммад‚ хьан нахе/: 'ХIай сан къам‚ аш хIунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма дуй со шуьга /ваийтина/ Делан элча вуйла'. Уьш /бакъдолчух/ дIабирзича Дала дIадерзира церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца до песакъ къам
61:5
Гочдар: Магомед Магомедов