Сурат 61 Ас-саф (МугӀа), аят 1 – 9
-
سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Далла тасбахь дина стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
61:1 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لِمَ تَقُولُونَ مَا لَا تَفْعَلُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Аш хӀунда дуьйцу шаьш деш доцург?
61:2 -
كَبُرَ مَقْتًا عِنْدَ اللَّهِ أَنْ تَقُولُوا مَا لَا تَفْعَلُونَ
Йоккха хилла оьгӀазло Далла гергахь аш āлар шаьш деш доцург
61:3 -
إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَ فِي سَبِيلِهِ صَفًّا كَأَنَّهُمْ بُنْيَانٌ مَرْصُوصٌ
Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тӀом беш берш цхьа могӀа бина, шаьш чӀагӀйина гӀишло санна
61:4 -
وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ لِمَ تُؤْذُونَنِي وَقَدْ تَعْلَمُونَ أَنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ ۖ فَلَمَّا زَاغُوا أَزَاغَ اللَّهُ قُلُوبَهُمْ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
Мусас ма элира шен къоме /ахь хьахаде иза‚ хӀай Мухьаммад‚ хьан нахе/: 'ХӀай сан къам‚ аш хӀунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма дуй со шуьга /ваийтина/ Делан элча вуйла'. Уьш /бакъдолчух/ дӀабирзича Дала дӀадерзира церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца до песакъ къам
61:5 -
وَإِذْ قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ إِنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيَّ مِنَ التَّوْرَاةِ وَمُبَشِّرًا بِرَسُولٍ يَأْتِي مِنْ بَعْدِي اسْمُهُ أَحْمَدُ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ مُبِينٌ
Марьяман кӀанта Ӏийсас ма элира‚ /ахь дагадайта иза хьан нахе‚ хӀай Мухьаммад/: 'ХӀай Исраилан кӀентий! Баккъалла а, со шуьга /ваийтина/ Делан элча ву-кх‚ бакъдеш сол хьалха хилла Таврат а‚ кхаъ боккхуш сол тӀаьхьа вогӀур волчу элчанца, шен цӀе Ахьмад йолуш'. ТӀаьхьа иза шайга веъча билгалонашца‚ цара элира: 'ХӀара билгала бозбуунчалла ду'
61:6 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ وَهُوَ يُدْعَىٰ إِلَى الْإِسْلَامِ ۚ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Мила ву зуламе ша Далла тӀехь харцдерг кхоьллина волчул‚ ша /Далла/ муьтхь хиларе (ислам дине) кхойкхуш а волуш? Дала нис ца до зуламе къам
61:7 -
يُرِيدُونَ لِيُطْفِئُوا نُورَ اللَّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَاللَّهُ مُتِمُّ نُورِهِ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ
Уьш лууш бу шайн багенашца Делан нур дайа. Дала кхочушдо Шен нур, цатешачарна и мел ца дезахь
61:8 -
هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَىٰ وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ
Иза ву вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъдолчу динца и толийтархьама массо а дина тӀехь, мушрикунашна иза мел ца дезахь а
61:9
Гочдар: Магомед Магомедов