Сурат 61 Ас-саф (МугӀа), аят 10 – 13

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا هَلْ أَدُلُّكُمْ عَلَىٰ تِجَارَةٍ تُنْجِيكُمْ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ

    ХӀай ийман диллинарш! Ас нисдой шу йохка-эцарна тӀе, цо шу кӀелхьарадохур долуш лазош долчу Ӏазапах? /Иза :/

    61:10
  2. تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَتُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِكُمْ وَأَنْفُسِكُمْ ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешар ду‚ аш Делан новкъахь къахьегар ду шайн бахамца а‚ синошца а. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь

    61:11
  3. يَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ وَيُدْخِلْكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ وَمَسَاكِنَ طَيِّبَةً فِي جَنَّاتِ عَدْنٍ ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Цо (Дала) гечдийр ду шуна къинош‚ чудохуьйтур ду бошмашна‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ Ӏадн ялсаманин цӀенчу гӀишлошна. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!

    61:12
  4. وَأُخْرَىٰ تُحِبُّونَهَا ۖ نَصْرٌ مِنَ اللَّهِ وَفَتْحٌ قَرِيبٌ ۗ وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ

    Кхин /ниӀмат хир ду/, шуна ша дезаш долу Делера гӀо а‚ гергара толам а. Ахь кхаъ баккха муъмин нахана

    61:13

Гочдар: Магомед Магомедов