Сурат 63 Аль-мунафикъун (Мунепакъаш)

  1. إِذَا جَاءَكَ الْمُنَافِقُونَ قَالُوا نَشْهَدُ إِنَّكَ لَرَسُولُ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِنَّكَ لَرَسُولُهُ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَكَاذِبُونَ

    Хьуна тIе мунепакъаш баьхкича, цара элира: 'Оха тешалла до: баккъалла а, хьо Делан элча ма ву.' Далла хууш ду хьо, баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепакъаш харцлуьйш ма бу

    63:1
  2. اتَّخَذُوا أَيْمَانَهُمْ جُنَّةً فَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Шайн дуйнаш шайна /бусалбанашкара зен ца хилийта/ турс хилла лийцира цара /иштта/ цара дIатилина /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг!

    63:2
  3. ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا فَطُبِعَ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَفْقَهُونَ

    Иза ду цара ийман диллина хиларна тIаккха керстадарна. Церан дегнех мухIар тоьхна уьш ца кхета

    63:3
  4. وَإِذَا رَأَيْتَهُمْ تُعْجِبُكَ أَجْسَامُهُمْ ۖ وَإِنْ يَقُولُوا تَسْمَعْ لِقَوْلِهِمْ ۖ كَأَنَّهُمْ خُشُبٌ مُسَنَّدَةٌ ۖ يَحْسَبُونَ كُلَّ صَيْحَةٍ عَلَيْهِمْ ۚ هُمُ الْعَدُوُّ فَاحْذَرْهُمْ ۚ قَاتَلَهُمُ اللَّهُ ۖ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Хьуна уьш гича, хьо цецвоккху церан догIмаша‚ цара хабар дуьйцуш ахь ладугIу церан даше. ГIортина бIогIамаш санна бу уьш (шаьш хIоьттана Iа ца луш). Массо а мохь шайна дуьхьал бу моьтту царна. Уьш мостагIий бу‚ хьо ларлолахь царах. Дала хIаллакбийр бу уьш. Муха генабевлла уьш /ийманах билгалонаш еъначул тIаьхьа/?!

    63:4
  5. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا يَسْتَغْفِرْ لَكُمْ رَسُولُ اللَّهِ لَوَّوْا رُءُوسَهُمْ وَرَأَيْتَهُمْ يَصُدُّونَ وَهُمْ مُسْتَكْبِرُونَ

    Цаьрга элча: 'Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна'‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дIабоьрзуш /ийманах/, шаьш кура а бовлий

    63:5
  6. سَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَسْتَغْفَرْتَ لَهُمْ أَمْ لَمْ تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ لَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ

    Царна цхьатерра ду: ахь царна гечдар дийхича а‚ ца дийхича а. Данне а Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца до песакъ къам

    63:6
  7. هُمُ الَّذِينَ يَقُولُونَ لَا تُنْفِقُوا عَلَىٰ مَنْ عِنْدَ رَسُولِ اللَّهِ حَتَّىٰ يَنْفَضُّوا ۗ وَلِلَّهِ خَزَائِنُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَٰكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَفْقَهُونَ

    Уьш бу олуш: 'Харжаш ма е Делан элчанна гергахь болчарна дIасабаржийта уьш /Мадинатера/'. Делан ю стигланийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепакъаш кхеташ бац-кх

    63:7
  8. يَقُولُونَ لَئِنْ رَجَعْنَا إِلَى الْمَدِينَةِ لَيُخْرِجَنَّ الْأَعَزُّ مِنْهَا الْأَذَلَّ ۚ وَلِلَّهِ الْعِزَّةُ وَلِرَسُولِهِ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَلَٰكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَعْلَمُونَ

    Цара (мунепакъаша) олу: 'Тхо Мадинате юхадирзича, сийлахь болчара сийсаза берш арабохур бу цу (Мадината) чуьра'. Делан ду сий‚ Цуьнан элчанан а ду‚ муъмин нехан а ду‚ делахь а, мунепакъашна ца хаьа-кх

    63:8
  9. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُلْهِكُمْ أَمْوَالُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ عَنْ ذِكْرِ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Шу юкъах ма дохийла шун бахамо а‚ шун доьзало а Дела хьехорах (дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах). И деш берш уьш бу эшнарш

    63:9
  10. وَأَنْفِقُوا مِنْ مَا رَزَقْنَاكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ فَيَقُولَ رَبِّ لَوْلَا أَخَّرْتَنِي إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ فَأَصَّدَّقَ وَأَكُنْ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Харж е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъах шайх цхьанна тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: 'Веза Дела‚ Ахь со тIаьхьатаьттинехьара цхьа кIеззиг заманна, ас сагIа доккхур дара‚ со хир вара дика Iамал ечарах'

    63:10
  11. وَلَنْ يُؤَخِّرَ اللَّهُ نَفْسًا إِذَا جَاءَ أَجَلُهَا ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    ТIаьхьатоттур дац Дала цхьа а са, цуьнан Iожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг

    63:11

Гочдар: Магомед Магомедов