Сурат 64 Ат-тагIабун (Вовшашна зенаш хилар а, кхиамаш хилар а)
-
يُسَبِّحُ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Далла тасбахь деш ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цунна ду паччахьалла‚ Цунна бу хастам а. Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг
64:1 -
هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ فَمِنْكُمْ كَافِرٌ وَمِنْكُمْ مُؤْمِنٌ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву ца тешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш дийриг гуш дерг ву
64:2 -
خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ
Цо кхоьллира стигланаш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хIоттира шун куц‚ тIаккха хаздира шун куьцаш. Цунна тIе ду /чакхенан/ дIадерзар
64:3 -
يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Цунна хаьа стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цунна хаьа аш къйладоккхург а‚ аш дIахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг
64:4 -
أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَبْلُ فَذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Шуьга ца деара хьалха ца тешаш хиллачеран хабар? Цара Iевшира шайн гIуллакхийн бāла‚ царна лазош долу Iазап а ду
64:5 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُ كَانَتْ تَأْتِيهِمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالُوا أَبَشَرٌ يَهْدُونَنَا فَكَفَرُوا وَتَوَلَّوْا ۚ وَاسْتَغْنَى اللَّهُ ۚ وَاللَّهُ غَنِيٌّ حَمِيدٌ
Иза ду цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тIаккха цара олуш хиларна: '/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?' Цара керстадира /уьш Дала баийтар/‚ уьш дIабирзира /оцу элчанех а‚ бакъдолчу ийманах а/. Дела /церан Iибадат/ ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву
64:6 -
زَعَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنْ لَنْ يُبْعَثُوا ۚ قُلْ بَلَىٰ وَرَبِّي لَتُبْعَثُنَّ ثُمَّ لَتُنَبَّؤُنَّ بِمَا عَمِلْتُمْ ۚ وَذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ
/Делах/ цатешначарна моьттина шаьш дендийр дац. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'ХIаъ‚ со Кхиош-кхобучу сан Делах дуй боу ас: дендийр ма ду шу‚ тIаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду'
64:7 -
فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَالنُّورِ الَّذِي أَنْزَلْنَا ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссинчу нурах а (Къуръанах). Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву
64:8 -
يَوْمَ يَجْمَعُكُمْ لِيَوْمِ الْجَمْعِ ۖ ذَٰلِكَ يَوْمُ التَّغَابُنِ ۗ وَمَنْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/дийне. Иза ду вовшашна зенаш хиларан а, кхиамаш хиларан а де. Милла велахь Делах тешаш а, дика Iамал еш а, Оха цIанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмаш чу‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу, цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
64:9 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
64:10 -
مَا أَصَابَ مِنْ مُصِيبَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَمَنْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ يَهْدِ قَلْبَهُ ۚ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца а бен. Милла велахь Делах тешаш Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо а хIума хууш верг ву
64:11 -
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ ۚ فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَإِنَّمَا عَلَىٰ رَسُولِنَا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
МуьтIахь хила Далла а‚ муьтIахь хила элчанна а. Шу дIадерзахь /ийманах/ Тхан элчанна тIехь-м билгала дIакхачор бен дац
64:12 -
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
АллахI-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тIе тевжийла муъмин нах
64:13 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ وَأَوْلَادِكُمْ عَدُوًّا لَكُمْ فَاحْذَرُوهُمْ ۚ وَإِنْ تَعْفُوا وَتَصْفَحُوا وَتَغْفِرُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалах а шуна мостагIий берш а бу‚ царах ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь /и дика ду шуна/, баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
64:14 -
إِنَّمَا أَمْوَالُكُمْ وَأَوْلَادُكُمْ فِتْنَةٌ ۚ وَاللَّهُ عِنْدَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питна ду. Ткъа Дела Цунна гергахь сийлахь-йоккха ял ю!
64:15 -
فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ وَاسْمَعُوا وَأَطِيعُوا وَأَنْفِقُوا خَيْرًا لِأَنْفُسِكُمْ ۗ وَمَنْ يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Шу Делах кхералаш шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогIалаш /шайга Дала дечу омре/‚ шу муьтIахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш е /Делан новкъахь/ шуна шайна дика хилийтархьама. Шен синан бIаьрмецигаллах Iалаш хилларг уьш бу баккхийбедар берш
64:16 -
إِنْ تُقْرِضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا يُضَاعِفْهُ لَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ شَكُورٌ حَلِيمٌ
Аш /юхалург/ Далла лахь хаза декхар Цо масийттаза алсамдаьккхина юхадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву (Шех тешначарна оьгIазе воцуш)
64:17 -
عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
64:18
Гочдар: Магомед Магомедов