Сурат 63 Аль-мунафикъун (Мунепакъаш), аят 1 – 8

  1. إِذَا جَاءَكَ الْمُنَافِقُونَ قَالُوا نَشْهَدُ إِنَّكَ لَرَسُولُ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِنَّكَ لَرَسُولُهُ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَكَاذِبُونَ

    Хьуна тӀе мунепакъаш баьхкича, цара элира: 'Оха тешалла до: баккъалла а, хьо Делан элча ма ву.' Далла хууш ду хьо, баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепакъаш харцлуьйш ма бу

    63:1
  2. اتَّخَذُوا أَيْمَانَهُمْ جُنَّةً فَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Шайн дуйнаш шайна /бусалбанашкара зен ца хилийта/ турс хилла лийцира цара /иштта/ цара дӀатилина /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг!

    63:2
  3. ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ آمَنُوا ثُمَّ كَفَرُوا فَطُبِعَ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ فَهُمْ لَا يَفْقَهُونَ

    Иза ду цара ийман диллина хиларна тӀаккха керстадарна. Церан дегнех мухӀар тоьхна уьш ца кхета

    63:3
  4. وَإِذَا رَأَيْتَهُمْ تُعْجِبُكَ أَجْسَامُهُمْ ۖ وَإِنْ يَقُولُوا تَسْمَعْ لِقَوْلِهِمْ ۖ كَأَنَّهُمْ خُشُبٌ مُسَنَّدَةٌ ۖ يَحْسَبُونَ كُلَّ صَيْحَةٍ عَلَيْهِمْ ۚ هُمُ الْعَدُوُّ فَاحْذَرْهُمْ ۚ قَاتَلَهُمُ اللَّهُ ۖ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Хьуна уьш гича, хьо цецвоккху церан догӀмаша‚ цара хабар дуьйцуш ахь ладугӀу церан даше. ГӀортина бӀогӀамаш санна бу уьш (шаьш хӀоьттана Ӏа ца луш). Массо а мохь шайна дуьхьал бу моьтту царна. Уьш мостагӀий бу‚ хьо ларлолахь царах. Дала хӀаллакбийр бу уьш. Муха генабевлла уьш /ийманах билгалонаш еъначул тӀаьхьа/?!

    63:4
  5. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا يَسْتَغْفِرْ لَكُمْ رَسُولُ اللَّهِ لَوَّوْا رُءُوسَهُمْ وَرَأَيْتَهُمْ يَصُدُّونَ وَهُمْ مُسْتَكْبِرُونَ

    Цаьрга элча: 'Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна'‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дӀабоьрзуш /ийманах/, шаьш кура а бовлий

    63:5
  6. سَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَسْتَغْفَرْتَ لَهُمْ أَمْ لَمْ تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ لَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ

    Царна цхьатерра ду: ахь царна гечдар дийхича а‚ ца дийхича а. Данне а Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца до песакъ къам

    63:6
  7. هُمُ الَّذِينَ يَقُولُونَ لَا تُنْفِقُوا عَلَىٰ مَنْ عِنْدَ رَسُولِ اللَّهِ حَتَّىٰ يَنْفَضُّوا ۗ وَلِلَّهِ خَزَائِنُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَٰكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَفْقَهُونَ

    Уьш бу олуш: 'Харжаш ма е Делан элчанна гергахь болчарна дӀасабаржийта уьш /Мадинатера/'. Делан ю стигланийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепакъаш кхеташ бац-кх

    63:7
  8. يَقُولُونَ لَئِنْ رَجَعْنَا إِلَى الْمَدِينَةِ لَيُخْرِجَنَّ الْأَعَزُّ مِنْهَا الْأَذَلَّ ۚ وَلِلَّهِ الْعِزَّةُ وَلِرَسُولِهِ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَلَٰكِنَّ الْمُنَافِقِينَ لَا يَعْلَمُونَ

    Цара (мунепакъаша) олу: 'Тхо Мадинате юхадирзича, сийлахь болчара сийсаза берш арабохур бу цу (Мадината) чуьра'. Делан ду сий‚ Цуьнан элчанан а ду‚ муъмин нехан а ду‚ делахь а, мунепакъашна ца хаьа-кх

    63:8

Гочдар: Магомед Магомедов