Сурат 63 Аль-мунафикъун (Мунепакъаш), аят 9 – 11

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُلْهِكُمْ أَمْوَالُكُمْ وَلَا أَوْلَادُكُمْ عَنْ ذِكْرِ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    ХӀай ийман диллинарш! Шу юкъах ма дохийла шун бахамо а‚ шун доьзало а Дела хьехорах (дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах). И деш берш уьш бу эшнарш

    63:9
  2. وَأَنْفِقُوا مِنْ مَا رَزَقْنَاكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ فَيَقُولَ رَبِّ لَوْلَا أَخَّرْتَنِي إِلَىٰ أَجَلٍ قَرِيبٍ فَأَصَّدَّقَ وَأَكُنْ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Харж е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицкъах шайх цхьанна тӀе валар кхачале‚ тӀаккха цо олуш: 'Веза Дела‚ Ахь со тӀаьхьатаьттинехьара цхьа кӀеззиг заманна, ас сагӀа доккхур дара‚ со хир вара дика Ӏамал ечарах'

    63:10
  3. وَلَنْ يُؤَخِّرَ اللَّهُ نَفْسًا إِذَا جَاءَ أَجَلُهَا ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    ТӀаьхьатоттур дац Дала цхьа а са, цуьнан Ӏожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг

    63:11

Гочдар: Магомед Магомедов