Сурат 64 Ат-тагӀабун (Вовшашна зенаш хилар а, кхиамаш хилар а), аят 1 – 10

  1. يُسَبِّحُ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Далла тасбахь деш ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цунна ду паччахьалла‚ Цунна бу хастам а. Иза ву массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш верг

    64:1
  2. هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ فَمِنْكُمْ كَافِرٌ وَمِنْكُمْ مُؤْمِنٌ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву ца тешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш дийриг гуш дерг ву

    64:2
  3. خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ

    Цо кхоьллира стигланаш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хӀоттира шун куц‚ тӀаккха хаздира шун куьцаш. Цунна тӀе ду /чакхенан/ дӀадерзар

    64:3
  4. يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Цунна хаьа стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цунна хаьа аш къйладоккхург а‚ аш дӀахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг

    64:4
  5. أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَبْلُ فَذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Шуьга ца деара хьалха ца тешаш хиллачеран хабар? Цара Ӏевшира шайн гӀуллакхийн бāла‚ царна лазош долу Ӏазап а ду

    64:5
  6. ذَٰلِكَ بِأَنَّهُ كَانَتْ تَأْتِيهِمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالُوا أَبَشَرٌ يَهْدُونَنَا فَكَفَرُوا وَتَوَلَّوْا ۚ وَاسْتَغْنَى اللَّهُ ۚ وَاللَّهُ غَنِيٌّ حَمِيدٌ

    Иза ду цаьрга богӀуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тӀаккха цара олуш хиларна: '/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?' Цара керстадира /уьш Дала баийтар/‚ уьш дӀабирзира /оцу элчанех а‚ бакъдолчу ийманах а/. Дела /церан Ӏибадат/ ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву

    64:6
  7. زَعَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنْ لَنْ يُبْعَثُوا ۚ قُلْ بَلَىٰ وَرَبِّي لَتُبْعَثُنَّ ثُمَّ لَتُنَبَّؤُنَّ بِمَا عَمِلْتُمْ ۚ وَذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    /Делах/ цатешначарна моьттина шаьш дендийр дац. Ахь āла /цаьрга, хӀай Мухьаммад/: 'ХӀаъ‚ со Кхиош-кхобучу сан Делах дуй боу ас: дендийр ма ду шу‚ тӀаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду'

    64:7
  8. فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَالنُّورِ الَّذِي أَنْزَلْنَا ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссинчу нурах а (Къуръанах). Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву

    64:8
  9. يَوْمَ يَجْمَعُكُمْ لِيَوْمِ الْجَمْعِ ۖ ذَٰلِكَ يَوْمُ التَّغَابُنِ ۗ وَمَنْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/дийне. Иза ду вовшашна зенаш хиларан а, кхиамаш хиларан а де. Милла велахь Делах тешаш а, дика Ӏамал еш а, Оха цӀанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмаш чу‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу, цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!

    64:9
  10. وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а уьш /жоьжахатин/ цӀеран дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дӀадерзар ду-кх иза!

    64:10

Гочдар: Магомед Магомедов