Сурат 64 Ат-тагӀабун (Вовшашна зенаш хилар а, кхиамаш хилар а), аят 11 – 18
-
مَا أَصَابَ مِنْ مُصِيبَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَمَنْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ يَهْدِ قَلْبَهُ ۚ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца а бен. Милла велахь Делах тешаш Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо а хӀума хууш верг ву
64:11 -
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ ۚ فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَإِنَّمَا عَلَىٰ رَسُولِنَا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
МуьтӀахь хила Далла а‚ муьтӀахь хила элчанна а. Шу дӀадерзахь /ийманах/ Тхан элчанна тӀехь-м билгала дӀакхачор бен дац
64:12 -
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
АллахӀ-Дела ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тӀе тевжийла муъмин нах
64:13 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ وَأَوْلَادِكُمْ عَدُوًّا لَكُمْ فَاحْذَرُوهُمْ ۚ وَإِنْ تَعْفُوا وَتَصْفَحُوا وَتَغْفِرُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалах а шуна мостагӀий берш а бу‚ царах ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь /и дика ду шуна/, баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
64:14 -
إِنَّمَا أَمْوَالُكُمْ وَأَوْلَادُكُمْ فِتْنَةٌ ۚ وَاللَّهُ عِنْدَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питна ду. Ткъа Дела Цунна гергахь сийлахь-йоккха ял ю!
64:15 -
فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ وَاسْمَعُوا وَأَطِيعُوا وَأَنْفِقُوا خَيْرًا لِأَنْفُسِكُمْ ۗ وَمَنْ يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Шу Делах кхералаш шайн ницкъ ма-кхоччу‚ аш ладогӀалаш /шайга Дала дечу омре/‚ шу муьтӀахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш е /Делан новкъахь/ шуна шайна дика хилийтархьама. Шен синан бӀаьрмецигаллах Ӏалаш хилларг уьш бу баккхийбедар берш
64:16 -
إِنْ تُقْرِضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا يُضَاعِفْهُ لَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ شَكُورٌ حَلِيمٌ
Аш /юхалург/ Далла лахь хаза декхар Цо масийттаза алсамдаьккхина юхадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву (Шех тешначарна оьгӀазе воцуш)
64:17 -
عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
64:18
Гочдар: Магомед Магомедов