Сурат 66 Ат-тахьрим, аят 1 – 7
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ لِمَ تُحَرِّمُ مَا أَحَلَّ اللَّهُ لَكَ ۖ تَبْتَغِي مَرْضَاتَ أَزْوَاجِكَ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХӀай пайхамар! Ахь хӀунда хьарам до Дала хьуна хьанал динарг хьан зударий резабан гӀерташ? Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву
66:1 -
قَدْ فَرَضَ اللَّهُ لَكُمْ تَحِلَّةَ أَيْمَانِكُمْ ۚ وَاللَّهُ مَوْلَاكُمْ ۖ وَهُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
Дала тӀе диллина шуна дуйнаш бастар. Дела ву шун гӀоьнча. Иза ву хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
66:2 -
وَإِذْ أَسَرَّ النَّبِيُّ إِلَىٰ بَعْضِ أَزْوَاجِهِ حَدِيثًا فَلَمَّا نَبَّأَتْ بِهِ وَأَظْهَرَهُ اللَّهُ عَلَيْهِ عَرَّفَ بَعْضَهُ وَأَعْرَضَ عَنْ بَعْضٍ ۖ فَلَمَّا نَبَّأَهَا بِهِ قَالَتْ مَنْ أَنْبَأَكَ هَٰذَا ۖ قَالَ نَبَّأَنِيَ الْعَلِيمُ الْخَبِيرُ
Пайхамара шен цхьаболчу зударшка (Хьафсате) къайлах дийцира цхьа хабар. Цо (Хьафсато) иза кхечаьрга (Ӏаишате) дийцича‚ Дала иза цунна (элчанна) гучудаьккхича, цунах (цу хабарх) цхьадерг довзийтира цо (элчанас Хьафсате), цхьадерг хьулдийра. Цо цуьнга (Хьафсате) и дийцича‚ элира /Хьафсата/: 'Хьан дийцина хьоьга иза?' Цо элира: 'Соьга дийцина иза /нехан къайленаш/ хууш волчо‚ /массо а хма/ дика девзаш волчо (Дала).'
66:3 -
إِنْ تَتُوبَا إِلَى اللَّهِ فَقَدْ صَغَتْ قُلُوبُكُمَا ۖ وَإِنْ تَظَاهَرَا عَلَيْهِ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ مَوْلَاهُ وَجِبْرِيلُ وَصَالِحُ الْمُؤْمِنِينَ ۖ وَالْمَلَائِكَةُ بَعْدَ ذَٰلِكَ ظَهِيرٌ
Аш шимма (Хьафсата а‚ Ӏаишата а) тōба динехьара Деле… /И дика хир дара шуна аш цунна дуьхьал барт бечул/. Шу шиннан дог дӀатевжира /Делан элчанца лело дезачу гллакхах/. Аш вовшашна гӀо дахь цунна (пайхамарна) дуьхьал баккъалла а, Дела Иза ву и ларвийр верг‚ Джибрил а ду‚ муъмин нахах дика мел верг а ву‚ маликаш а ду цул тӀаьхьа гӀоьнчий
66:4 -
عَسَىٰ رَبُّهُ إِنْ طَلَّقَكُنَّ أَنْ يُبْدِلَهُ أَزْوَاجًا خَيْرًا مِنْكُنَّ مُسْلِمَاتٍ مُؤْمِنَاتٍ قَانِتَاتٍ تَائِبَاتٍ عَابِدَاتٍ سَائِحَاتٍ ثَيِّبَاتٍ وَأَبْكَارًا
Мега иза Кхиош-кхобуш волчу цуьнан Дала, цо шу дитича, цунна шул дика зударий бало: шаьш бусалба болуш‚ муъмин болуш‚ муьтӀахь болуш‚ тōба деш болуш‚ Ӏибадат деш болуш‚ /пайхамарца/ дӀасалелаш болуш‚ хьалха марехь хилларш а‚ маре баханза болу мехкарий а
66:5 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا قُوا أَنْفُسَكُمْ وَأَهْلِيكُمْ نَارًا وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ عَلَيْهَا مَلَائِكَةٌ غِلَاظٌ شِدَادٌ لَا يَعْصُونَ اللَّهَ مَا أَمَرَهُمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Ларде шаьш а‚ шайн доьзал а /жоьжахатин/ цӀерах‚ шен ягориг нах а‚ тӀулгаш а болчу. Цунна тӀе хӀоьттийна ирча‚ чӀогӀа маликаш ду‚ юха ца довлуш Дала шайна омра динчух, шаьш кхочушдеш шайга омра деш дерг
66:6 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَعْتَذِرُوا الْيَوْمَ ۖ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
ХӀай /Делах/ цатешнарш! Шу бехказа ма дийла тахана /къематдийнахь/: шуна беш болу бекхам аш /дуьненахь/ деш хилларг /бахьанехь/ ду
66:7
Гочдар: Магомед Магомедов