Сурат 66 Ат-тахьрим, аят 8 – 12

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا تُوبُوا إِلَى اللَّهِ تَوْبَةً نَصُوحًا عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَنْ يُكَفِّرَ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَيُدْخِلَكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ يَوْمَ لَا يُخْزِي اللَّهُ النَّبِيَّ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ ۖ نُورُهُمْ يَسْعَىٰ بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَانِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا أَتْمِمْ لَنَا نُورَنَا وَاغْفِرْ لَنَا ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шу ддерза Деле цӀена тōба дарца тарло шу Кхиош-кхобучу шун Дала шу цӀандан шун къинойх‚ /тӀаккха/ шу бошмашна чу дихка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ оцу дийнахь Дала сийсазвийр вац пайхамар а‚ цуьнца ийман диллинарш а. Церан нур дедда лелар ду царна хьалхахула а‚ церан аьтту куьйгаш долчу агӀорхьара а‚ цара олуш: 'Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела‚ Ахь кхочушделахь тхан нур‚ Ахь тхуна гечделахь. Баккъалла а, Хьо ву-кх массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш верг'

    66:8
  2. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ جَاهِدِ الْكُفَّارَ وَالْمُنَافِقِينَ وَاغْلُظْ عَلَيْهِمْ ۚ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    ХӀай пайхамар! Къийсам латтабе цатешачаьрца а‚ мунепакъашца а‚ луьра хила цаьрца. Церан чугӀойла жоьжахати ю. Ма вон ду-кх /церан/ дӀадерзар!

    66:9
  3. ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا لِلَّذِينَ كَفَرُوا امْرَأَتَ نُوحٍ وَامْرَأَتَ لُوطٍ ۖ كَانَتَا تَحْتَ عَبْدَيْنِ مِنْ عِبَادِنَا صَالِحَيْنِ فَخَانَتَاهُمَا فَلَمْ يُغْنِيَا عَنْهُمَا مِنَ اللَّهِ شَيْئًا وَقِيلَ ادْخُلَا النَّارَ مَعَ الدَّاخِلِينَ

    Дала масал далийна цатешачарна Нухьан зудчух а‚ ЛутӀан зудчух а: уьш бара Тхан дикчу лех шина лена /куьйга/ кӀел‚ цара шиммо а царна шинна тешнабехк бира /зина дар боцу/‚ цхьанна а хӀуманца Делера шаьш шиъ кӀелхьар-м ца яьккхира цара‚ элира /цаьрга/: 'Шу шиъ чу гӀо /жоьжахатин/ цӀерга цу чу гш болчарца'

    66:10
  4. وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا لِلَّذِينَ آمَنُوا امْرَأَتَ فِرْعَوْنَ إِذْ قَالَتْ رَبِّ ابْنِ لِي عِنْدَكَ بَيْتًا فِي الْجَنَّةِ وَنَجِّنِي مِنْ فِرْعَوْنَ وَعَمَلِهِ وَنَجِّنِي مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Дала масал далийна ийман диллинчарна ФирӀавнан зудчух‚ цо ма элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь суна дēлахь Хьуна гергахь ялсамани чохь цӀа‚ Ахь со кӀелхьаръяккхалахь ФирӀавнах а‚ цуьнан балхах а‚ Ахь со кӀелхьаръяккхалахь зулам дечу къомах'

    66:11
  5. وَمَرْيَمَ ابْنَتَ عِمْرَانَ الَّتِي أَحْصَنَتْ فَرْجَهَا فَنَفَخْنَا فِيهِ مِنْ رُوحِنَا وَصَدَّقَتْ بِكَلِمَاتِ رَبِّهَا وَكُتُبِهِ وَكَانَتْ مِنَ الْقَانِتِينَ

    Ӏимранан йоӀ Марьямах а /масал далийна Дала/‚ ша лардина хиллачу шен йоӀалла. Оха цуьнан дегӀа чу са уьйзира Тхан Сих (Джабраил малико)‚ цо (Марьяма) бакъдира ша Кхиош-кхобуш волчу шен Делан дешнаш‚ Цуьнан жайнаш а‚ иза хилира муьтӀахь болчарах

    66:12

Гочдар: Магомед Магомедов