Сурат 67 Аль-мулк (Паччахьалла), аят 15 – 30
-
هُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ ذَلُولًا فَامْشُوا فِي مَنَاكِبِهَا وَكُلُوا مِنْ رِزْقِهِ ۖ وَإِلَيْهِ النُّشُورُ
Иза ву шуна латта кӀеда /лела атта/ динарг – лела /шу, хӀай нах/ цуьнан агӀонашкахула, даа цуьнан рицкъах (Дала лаьттахь делла ниӀматаш хьанал къахьегарца). Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гӀовтар
67:15 -
أَأَمِنْتُمْ مَنْ فِي السَّمَاءِ أَنْ يَخْسِفَ بِكُمُ الْأَرْضَ فَإِذَا هِيَ تَمُورُ
Шу тешна дуй /хӀай Далла инкарло еш берш/ стиглахь волчух, Цо шаьш лаьттах худор дац аьлла, тккха и /латта/ детталуш?
67:16 -
أَمْ أَمِنْتُمْ مَنْ فِي السَّمَاءِ أَنْ يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ كَيْفَ نَذِيرِ
Я шу тешна дуй стиглахь волчух Цо шайна боуьйтур бац аьлла тӀулгех /буьзна/ чӀогӀа мох? ТӀаьхьа хуур ду шуна‚ муха бу Сан кхерам
67:17 -
وَلَقَدْ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ
Харцбира /элчанаш/ царал хьалха хиллачара а муха хилира /царна/ Сан инкарло! (Ма ирча хилира Сан Ӏазап!)
67:18 -
أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَى الطَّيْرِ فَوْقَهُمْ صَافَّاتٍ وَيَقْبِضْنَ ۚ مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلَّا الرَّحْمَٰنُ ۚ إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ بَصِيرٌ
Царна ца го олхазарш шайна тӀехула лелаш долу /шайн тӀамаш/ даржадеш‚ тӀаккха тӀегулдеш? Уьш сацадеш верг-м Сов Къинхетаме волу Дела бен вац. Баккъалла а, Иза ву-кх массо а хӀума гуш верг
67:19 -
أَمَّنْ هَٰذَا الَّذِي هُوَ جُنْدٌ لَكُمْ يَنْصُرُكُمْ مِنْ دُونِ الرَّحْمَٰنِ ۚ إِنِ الْكَافِرُونَ إِلَّا فِي غُرُورٍ
Мила ву и шуна бӀо хилла гӀо дийр дерг ша сов къинхетаме волчу Делан Ӏазап духатоха? Цатешнарш ма бац Ӏехабаларгахь бен
67:20 -
أَمَّنْ هَٰذَا الَّذِي يَرْزُقُكُمْ إِنْ أَمْسَكَ رِزْقَهُ ۚ بَلْ لَجُّوا فِي عُتُوٍّ وَنُفُورٍ
Мила ву иза шуна рицкъ лур дерг, Цо Шен рицкъ сацадича? ХӀаъ‚ ма /Далла/ дуьхьалбевлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ гена бевлла уьш
67:21 -
أَفَمَنْ يَمْشِي مُكِبًّا عَلَىٰ وَجْهِهِ أَهْدَىٰ أَمَّنْ يَمْشِي سَوِيًّا عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Ткъа шен юьхь тӀехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нийсса лелаш верг ву?
67:22 -
قُلْ هُوَ الَّذِي أَنْشَأَكُمْ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۖ قَلِيلًا مَا تَشْكُرُونَ
Ахь āла /цаьрга, хӀай Мухьаммад/: 'Иза ву шу кхиинарг а‚ шуна хазар а‚ бӀаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КӀеззиг ду-кх аш баркалла олург!'
67:23 -
قُلْ هُوَ الَّذِي ذَرَأَكُمْ فِي الْأَرْضِ وَإِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Ахь āла: 'Иза ву шу лаьттахь даржийнарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу'
67:24 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара олу: 'Маца хир ду и аш бохург, шу бакълуьйш хиллехь?'
67:25 -
قُلْ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِنْدَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Ахь āла: 'Ӏилма Далла гергахь ду‚ ткъа со билгала волу къерамча ву'
67:26 -
فَلَمَّا رَأَوْهُ زُلْفَةً سِيئَتْ وُجُوهُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَقِيلَ هَٰذَا الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تَدَّعُونَ
Иза шайна гича гергахь‚ цатешначеран яххьаш ирчаелира‚ /цаьрга/ элира /маликаша, бехк боккхуш/: 'ХӀара ду иза аш /дуьненахь долуш/ ша лоьхуш хилларг!'
67:27 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَهْلَكَنِيَ اللَّهُ وَمَنْ مَعِيَ أَوْ رَحِمَنَا فَمَنْ يُجِيرُ الْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ أَلِيمٍ
Ахь āла: 'Гой шуна‚ со Дала хӀаллаквича‚ соьца берш а‚ я Цо тхох къинхетам бича‚ хьан кӀелхьарбохур бу цатешнарш лазош долчу Ӏазапах?'
67:28 -
قُلْ هُوَ الرَّحْمَٰنُ آمَنَّا بِهِ وَعَلَيْهِ تَوَكَّلْنَا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ مَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Ахь āла: 'Иза ву сов къинхетаме волу Дела‚ Цуьнга ийман диллина оха‚ Цунна тӀе а тевжина. ТӀаьхьа хуур ду шуна‚ мила ву билгалчу тиларчохь'
67:29 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ إِنْ أَصْبَحَ مَاؤُكُمْ غَوْرًا فَمَنْ يَأْتِيكُمْ بِمَاءٍ مَعِينٍ
Ахь āла: 'Гой шуна‚ и шун хи ьйранца лекъча‚ хьан лур ду шуна оьхуш долу хьастан хи?'
67:30
Гочдар: Магомед Магомедов