Сурат 67 Аль-мулк (Паччахьалла), аят 15
-
هُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ ذَلُولًا فَامْشُوا فِي مَنَاكِبِهَا وَكُلُوا مِنْ رِزْقِهِ ۖ وَإِلَيْهِ النُّشُورُ
Иза ву шуна латта кIеда /лела атта/ динарг – лела /шу, хIай нах/ цуьнан агIонашкахула, даа цуьнан рицкъах (Дала лаьттахь делла ниIматаш хьанал къахьегарца). Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гIовтар
67:15
Гочдар: Магомед Магомедов