Сурат 68 Аль-къалам (Къолам), аят 1 – 10
-
ن ۚ وَالْقَلَمِ وَمَا يَسْطُرُونَ
Нỳн. Дуй боу Ас къоламца а‚ цара /наха/ яздеш долчуьнца а:
68:1 -
مَا أَنْتَ بِنِعْمَةِ رَبِّكَ بِمَجْنُونٍ
Хьо ма вац /хIай Мухьаммад/ хьо Кхиош – Кхобучу (Делан) къинхетамца жинийх
68:2 -
وَإِنَّ لَكَ لَأَجْرًا غَيْرَ مَمْنُونٍ
Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял
68:3 -
وَإِنَّكَ لَعَلَىٰ خُلُقٍ عَظِيمٍ
Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккха (хаза) гIиллакх хьайгахь долуш
68:4 -
فَسَتُبْصِرُ وَيُبْصِرُونَ
ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚
68:5 -
بِأَيْيِكُمُ الْمَفْتُونُ
Мила ву шух питане лаьцнарг
68:6 -
إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنْ ضَلَّ عَنْ سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волу хьан Дела Цунна дика вевза Шен некъах тилавелларг а‚ Цунна дика бевза нийсачу новкъахь берш а
68:7 -
فَلَا تُطِعِ الْمُكَذِّبِينَ
Хьо /хIай Мухьаммад/ муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчарна
68:8 -
وَدُّوا لَوْ تُدْهِنُ فَيُدْهِنُونَ
Уьш лууш бара хьо кIеда хила тIаккха шаьш кIеда хир бара
68:9 -
وَلَا تُطِعْ كُلَّ حَلَّافٍ مَهِينٍ
Хьо муьтIахь ма хилалахь массо а /харц/ дуйнаш дуккха боуш сийсаз- волчунна‚
68:10
Гочдар: Магомед Магомедов