Сурат 68 Аль-къалам (Къолам)

  1. ن ۚ وَالْقَلَمِ وَمَا يَسْطُرُونَ

    Нỳн. Дуй боу Ас къоламца а‚ цара /наха/ яздеш долчуьнца а:

    68:1
  2. مَا أَنْتَ بِنِعْمَةِ رَبِّكَ بِمَجْنُونٍ

    Хьо ма вац /хIай Мухьаммад/ хьо Кхиош – Кхобучу (Делан) къинхетамца жинийх

    68:2
  3. وَإِنَّ لَكَ لَأَجْرًا غَيْرَ مَمْنُونٍ

    Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял

    68:3
  4. وَإِنَّكَ لَعَلَىٰ خُلُقٍ عَظِيمٍ

    Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккха (хаза) гIиллакх хьайгахь долуш

    68:4
  5. فَسَتُبْصِرُ وَيُبْصِرُونَ

    ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚

    68:5
  6. بِأَيْيِكُمُ الْمَفْتُونُ

    Мила ву шух питане лаьцнарг

    68:6
  7. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنْ ضَلَّ عَنْ سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ

    Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волу хьан Дела Цунна дика вевза Шен некъах тилавелларг а‚ Цунна дика бевза нийсачу новкъахь берш а

    68:7
  8. فَلَا تُطِعِ الْمُكَذِّبِينَ

    Хьо /хIай Мухьаммад/ муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчарна

    68:8
  9. وَدُّوا لَوْ تُدْهِنُ فَيُدْهِنُونَ

    Уьш лууш бара хьо кIеда хила тIаккха шаьш кIеда хир бара

    68:9
  10. وَلَا تُطِعْ كُلَّ حَلَّافٍ مَهِينٍ

    Хьо муьтIахь ма хилалахь массо а /харц/ дуйнаш дуккха боуш сийсаз- волчунна‚

    68:10
  11. هَمَّازٍ مَشَّاءٍ بِنَمِيمٍ

    /Хр/ луьйш волчунна /нахах таьхьашха/‚ /царна юккъехь/ меттанаш дIасакхуьйхьуш волчунна‚

    68:11
  12. مَنَّاعٍ لِلْخَيْرِ مُعْتَدٍ أَثِيمٍ

    Дикчу /хIуманна/ новкъарло еш волчунна‚ къинош деш дозанех ваьлла волчунна‚

    68:12
  13. عُتُلٍّ بَعْدَ ذَٰلِكَ زَنِيمٍ

    Къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьненвалар шеконехь долчунна (да мила ву ца хууш, боьха леларца вевзаш волчу)

    68:13
  14. أَنْ كَانَ ذَا مَالٍ وَبَنِينَ

    Шен даьхни а, кнтий а хиларца /Делан дозанех а ваьлла, кура а ваьлла и/

    68:14
  15. إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ آيَاتُنَا قَالَ أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ

    Шена Тхан аяташ дийшича, цо элира: 'Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш'

    68:15
  16. سَنَسِمُهُ عَلَى الْخُرْطُومِ

    Оха цуьнан мера тIе васт дуьллур ду

    68:16
  17. إِنَّا بَلَوْنَاهُمْ كَمَا بَلَوْنَا أَصْحَابَ الْجَنَّةِ إِذْ أَقْسَمُوا لَيَصْرِمُنَّهَا مُصْبِحِينَ

    Баккъалла а, Оха зийра уьш‚ Оха цхьана бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш /бешара/ стоьмаш бохур бу Iуьйранна‚ аьлла‚

    68:17
  18. وَلَا يَسْتَثْنُونَ

    'Дала мукъалахь' ца элира цара

    68:18
  19. فَطَافَ عَلَيْهَا طَائِفٌ مِنْ رَبِّكَ وَهُمْ نَائِمُونَ

    ТIаккха цунна (бешана) го тесира хьо кхиош-кхобуш волчу хьан Делера го тосуш долчо‚ уьш наб еш болуш

    68:19
  20. فَأَصْبَحَتْ كَالصَّرِيمِ

    /Егна/ Iаржъелларг санна Iуьйренга елира и /церан беш/

    68:20

Гочдар: Магомед Магомедов