Сурат 68 Аль-къалам (Къолам), аят 17 – 33
-
إِنَّا بَلَوْنَاهُمْ كَمَا بَلَوْنَا أَصْحَابَ الْجَنَّةِ إِذْ أَقْسَمُوا لَيَصْرِمُنَّهَا مُصْبِحِينَ
Баккъалла а, Оха зийра уьш‚ Оха цхьана бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш /бешара/ стоьмаш бохур бу Ӏуьйранна‚ аьлла‚
68:17 -
وَلَا يَسْتَثْنُونَ
'Дала мукъалахь' ца элира цара
68:18 -
فَطَافَ عَلَيْهَا طَائِفٌ مِنْ رَبِّكَ وَهُمْ نَائِمُونَ
ТӀаккха цунна (бешана) го тесира хьо кхиош-кхобуш волчу хьан Делера го тосуш долчо‚ уьш наб еш болуш
68:19 -
فَأَصْبَحَتْ كَالصَّرِيمِ
/Егна/ Ӏаржъелларг санна Ӏуьйренга елира и /церан беш/
68:20 -
فَتَنَادَوْا مُصْبِحِينَ
Ӏуьйранга бевлича, вовшашка кхийкхира цара:
68:21 -
أَنِ اغْدُوا عَلَىٰ حَرْثِكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَارِمِينَ
'Шайн беш чу гӀо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь'‚ аьлла
68:22 -
فَانْطَلَقُوا وَهُمْ يَتَخَافَتُونَ
Уьш болабелира, меллаша вовшашка луьйш:
68:23 -
أَنْ لَا يَدْخُلَنَّهَا الْيَوْمَ عَلَيْكُمْ مِسْكِينٌ
'Тахана шуна тӀе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогӀийла /стоьмаш боьхуш/'
68:24 -
وَغَدَوْا عَلَىٰ حَرْدٍ قَادِرِينَ
Ӏуьйранна новкъа бевлира уьш, шайн дагахь /мисканиг/ духатоха ницкъ болуш
68:25 -
فَلَمَّا رَأَوْهَا قَالُوا إِنَّا لَضَالُّونَ
Иза шайна /егна/ гича‚ цара элира: 'Баккъалла а, вай тиладелла‚
68:26 -
بَلْ نَحْنُ مَحْرُومُونَ
ХӀаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина'
68:27 -
قَالَ أَوْسَطُهُمْ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ لَوْلَا تُسَبِّحُونَ
Царах кхечарал Ӏедале волчо элира: 'Ас ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара'‚ аьлла?
68:28 -
قَالُوا سُبْحَانَ رَبِّنَا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ
Цара элира: 'Вонах цӀена ву-кх и вай кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой'
68:29 -
فَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ يَتَلَاوَمُونَ
Уьш вовшашна бехкаш бохуш дуьхьалбевлира
68:30 -
قَالُوا يَا وَيْلَنَا إِنَّا كُنَّا طَاغِينَ
Цара элира: 'Ма бала бу вайна: вай хилира /Делан дозанех/ тӀехдовлурш
68:31 -
عَسَىٰ رَبُّنَا أَنْ يُبْدِلَنَا خَيْرًا مِنْهَا إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا رَاغِبُونَ
Вай кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца /и беш/ хийцо а тарло. Баккъалла а, вай кхиош-кхобуш волчу вайн Делан /дикане/ догдохуш ду-кх'
68:32 -
كَذَٰلِكَ الْعَذَابُ ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ
Иштта ду Ӏазап‚ ткъа эхартан Ӏазап вуно доккха ду, уьш хууш хиллехь
68:33
Гочдар: Магомед Магомедов