Сурат 68 Аль-къалам (Къолам), аят 34 – 52
-
إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ عِنْدَ رَبِّهِمْ جَنَّاتِ النَّعِيمِ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна шаьш кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниӀматийн бошмаш ю
68:34 -
أَفَنَجْعَلُ الْمُسْلِمِينَ كَالْمُجْرِمِينَ
Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ муьтхь болу нах къинош дечарах тера?
68:35 -
مَا لَكُمْ كَيْفَ تَحْكُمُونَ
Шуна хӀун хилла /иштта ойла ял/? Аш муха хьукам до?
68:36 -
أَمْ لَكُمْ كِتَابٌ فِيهِ تَدْرُسُونَ
Я шуна жайна ду‚ аш шена чохь доьшуш /и хьукам/?
68:37 -
إِنَّ لَكُمْ فِيهِ لَمَا تَخَيَّرُونَ
Баккъалла а, шуна цу /жайна/ чохь долуш аш мел хоржург?
68:38 -
أَمْ لَكُمْ أَيْمَانٌ عَلَيْنَا بَالِغَةٌ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۙ إِنَّ لَكُمْ لَمَا تَحْكُمُونَ
Я шуна Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукам хир долуш?
68:39 -
سَلْهُمْ أَيُّهُمْ بِذَٰلِكَ زَعِيمٌ
Хатта цаьрга /хӀай Мухьаммад/‚ мила ву царах и чӀагӀдийриг
68:40 -
أَمْ لَهُمْ شُرَكَاءُ فَلْيَأْتُوا بِشُرَكَائِهِمْ إِنْ كَانُوا صَادِقِينَ
Я церан накъостий бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий, шаьш бакълуьйш хиллехь
68:41 -
يَوْمَ يُكْشَفُ عَنْ سَاقٍ وَيُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ فَلَا يَسْتَطِيعُونَ
Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю‚ уьш кхойкхур бу сужуде царна могур дац‚
68:42 -
خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۖ وَقَدْ كَانُوا يُدْعَوْنَ إِلَى السُّجُودِ وَهُمْ سَالِمُونَ
БӀаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тӀейоьжна. Цаьрга сужуде кхойкхуш дара уьш могуш болуш
68:43 -
فَذَرْنِي وَمَنْ يُكَذِّبُ بِهَٰذَا الْحَدِيثِ ۖ سَنَسْتَدْرِجُهُمْ مِنْ حَيْثُ لَا يَعْلَمُونَ
Вита Со суо хӀара хабар харцдеш волчуьнца. Оха схьалоцур бу уьш кӀез-кӀеззиг /хӀаллакбарца/ царна ца хуучухула
68:44 -
وَأُمْلِي لَهُمْ ۚ إِنَّ كَيْدِي مَتِينٌ
Ас хан лур ю царна. /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чӀогӀа ю-кх
68:45 -
أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُمْ مِنْ مَغْرَمٍ مُثْقَلُونَ
Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?
68:46 -
أَمْ عِنْدَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ
Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Ӏилма/ ду, цара дӀаяздеш?
68:47 -
فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تَكُنْ كَصَاحِبِ الْحُوتِ إِذْ نَادَىٰ وَهُوَ مَكْظُومٌ
Собар де хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чӀеран накъостах тера: цо /Деле/ кхийкхира ша /чӀеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш
68:48 -
لَوْلَا أَنْ تَدَارَكَهُ نِعْمَةٌ مِنْ رَبِّهِ لَنُبِذَ بِالْعَرَاءِ وَهُوَ مَذْمُومٌ
Ша Кхиош-кхобуш волчун ниӀмат шех ца кхиънехьара, иза кхоьссина хир вара /чӀеран кийрара/ ара сийсаз а хилла
68:49 -
فَاجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَجَعَلَهُ مِنَ الصَّالِحِينَ
Ша Кхиош-кхобуш волчо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарах
68:50 -
وَإِنْ يَكَادُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَيُزْلِقُونَكَ بِأَبْصَارِهِمْ لَمَّا سَمِعُوا الذِّكْرَ وَيَقُولُونَ إِنَّهُ لَمَجْنُونٌ
Цатешнарш кийча бу шайн бӀаьргашца хьо хӀаллакван шайна хьехам хезначул тӀаьхьа‚ цара олу: 'Баккъалла а, иза жинийх ву-кх'
68:51 -
وَمَا هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِلْعَالَمِينَ
Иза-м дац массо а Ӏаламна хьехам бен
68:52
Гочдар: Магомед Магомедов