Сурат 68 Аль-къалам (Къолам), аят 48 – 50

  1. فَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ وَلَا تَكُنْ كَصَاحِبِ الْحُوتِ إِذْ نَادَىٰ وَهُوَ مَكْظُومٌ

    Собар де хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чIеран накъостах тера: цо /Деле/ кхийкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш

    68:48
  2. لَوْلَا أَنْ تَدَارَكَهُ نِعْمَةٌ مِنْ رَبِّهِ لَنُبِذَ بِالْعَرَاءِ وَهُوَ مَذْمُومٌ

    Ша Кхиош-кхобуш волчун ниIмат шех ца кхиънехьара, иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара сийсаз а хилла

    68:49
  3. فَاجْتَبَاهُ رَبُّهُ فَجَعَلَهُ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Ша Кхиош-кхобуш волчо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарах

    68:50

Гочдар: Магомед Магомедов