Сурат 68 Аль-къалам (Къолам), аят 8 – 15

  1. فَلَا تُطِعِ الْمُكَذِّبِينَ

    Хьо /хӀай Мухьаммад/ муьтӀахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчарна

    68:8
  2. وَدُّوا لَوْ تُدْهِنُ فَيُدْهِنُونَ

    Уьш лууш бара хьо кӀеда хила тӀаккха шаьш кӀеда хир бара

    68:9
  3. وَلَا تُطِعْ كُلَّ حَلَّافٍ مَهِينٍ

    Хьо муьтӀахь ма хилалахь массо а /харц/ дуйнаш дуккха боуш сийсаз- волчунна‚

    68:10
  4. هَمَّازٍ مَشَّاءٍ بِنَمِيمٍ

    /Хр/ луьйш волчунна /нахах таьхьашха/‚ /царна юккъехь/ меттанаш дӀасакхуьйхьуш волчунна‚

    68:11
  5. مَنَّاعٍ لِلْخَيْرِ مُعْتَدٍ أَثِيمٍ

    Дикчу /хӀуманна/ новкъарло еш волчунна‚ къинош деш дозанех ваьлла волчунна‚

    68:12
  6. عُتُلٍّ بَعْدَ ذَٰلِكَ زَنِيمٍ

    Къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьненвалар шеконехь долчунна (да мила ву ца хууш, боьха леларца вевзаш волчу)

    68:13
  7. أَنْ كَانَ ذَا مَالٍ وَبَنِينَ

    Шен даьхни а, кнтий а хиларца /Делан дозанех а ваьлла, кура а ваьлла и/

    68:14
  8. إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ آيَاتُنَا قَالَ أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ

    Шена Тхан аяташ дийшича, цо элира: 'Хьалхалерачийн туьйранаш ду хӀорш'

    68:15

Гочдар: Магомед Магомедов