Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг), аят 18 – 29
-
يَوْمَئِذٍ تُعْرَضُونَ لَا تَخْفَىٰ مِنْكُمْ خَافِيَةٌ
Оцу дийнахь шу хӀоттор ду /кхиэлна/ хьалха‚ цхьа а хьуллеш хуьлу хӀума хьулделла хир дац шух
69:18 -
فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ فَيَقُولُ هَاؤُمُ اقْرَءُوا كِتَابِيَهْ
Амма шен жайна шега аьтту (бакъахьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду /чг хазахетта/: 'ХӀей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна!
69:19 -
إِنِّي ظَنَنْتُ أَنِّي مُلَاقٍ حِسَابِيَهْ
Баккъалла а, со моьттуш ма вара /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьалкхетар дуйла'
69:20 -
فَهُوَ فِي عِيشَةٍ رَاضِيَةٍ
Иза хир ву ша реза волчу дахарехь
69:21 -
فِي جَنَّةٍ عَالِيَةٍ
Лекхачу бешахь
69:22 -
قُطُوفُهَا دَانِيَةٌ
Шен стоьмаш гергахь болуш
69:23 -
كُلُوا وَاشْرَبُوا هَنِيئًا بِمَا أَسْلَفْتُمْ فِي الْأَيَّامِ الْخَالِيَةِ
/Эр ду цаьрга/: 'ГӀоза даа‚ гӀоза мала шайна /дуьненан/ дӀадаханчу деношкахь шаьш хьалхадаьккхинарг /бахьанехь/ '
69:24 -
وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِشِمَالِهِ فَيَقُولُ يَا لَيْتَنِي لَمْ أُوتَ كِتَابِيَهْ
Ва амма шен жайна шега аьрру (харцхьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду: 'ЭхӀ! И сан жайна соьга ма деллехьара!
69:25 -
وَلَمْ أَدْرِ مَا حِسَابِيَهْ
И сан /чг суна дуьхьал долу/ хьесап хууш ца хиллехьара со
69:26 -
يَا لَيْتَهَا كَانَتِ الْقَاضِيَةَ
Эх И сан /дуьненахь/ валар хиллехьара тӀаьххьара‚ /со юха ден ца веш/
69:27 -
مَا أَغْنَىٰ عَنِّي مَالِيَهْ ۜ
Со кӀелхьар ца ваьккхи сан бахамо
69:28 -
هَلَكَ عَنِّي سُلْطَانِيَهْ
ХӀаллакхили соьгара сан долахь мел хилларг (сан уьйранаш а, сан хьал а)'
69:29
Гочдар: Магомед Магомедов