Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг)
-
الْحَاقَّةُ
Бакъхилла доьжнарг
69:1 -
مَا الْحَاقَّةُ
ХIун ду и бакъхилла доьжнарг?
69:2 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْحَاقَّةُ
Стено хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и бакъхилла доьжнарг?
69:3 -
كَذَّبَتْ ثَمُودُ وَعَادٌ بِالْقَارِعَةِ
Самудаша а‚ Iадаша а харцдира тухуш дерг
69:4 -
فَأَمَّا ثَمُودُ فَأُهْلِكُوا بِالطَّاغِيَةِ
Амма самудаш а - уьш хIаллакбира /чIогIаллица/ дозанах беллачу мохьаца
69:5 -
وَأَمَّا عَادٌ فَأُهْلِكُوا بِرِيحٍ صَرْصَرٍ عَاتِيَةٍ
Ва амма Iадаш а – ткъа уьш хIаллакбира инзаре нуьцкъалчу тх шилачу мехаца
69:6 -
سَخَّرَهَا عَلَيْهِمْ سَبْعَ لَيَالٍ وَثَمَانِيَةَ أَيَّامٍ حُسُومًا فَتَرَى الْقَوْمَ فِيهَا صَرْعَىٰ كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ خَاوِيَةٍ
Цо /нуьцкъалла/ балийтира и царна ворхI буса а‚ бархI дийнахь а тIеттIа. Хьуна гур бара нах оцу дийнахь /хIаллакбина/ дIасакхиссина‚ даьсса дисна (чохь хора йолу) хурманан диттан гIадаш санна
69:7 -
فَهَلْ تَرَىٰ لَهُمْ مِنْ بَاقِيَةٍ
Цхьа а бухадисар гуй хьуна царна?
69:8 -
وَجَاءَ فِرْعَوْنُ وَمَنْ قَبْلَهُ وَالْمُؤْتَفِكَاتُ بِالْخَاطِئَةِ
Веара ФирIавн‚ цул хьалха мел верг а‚ муътафикаташ а /беара/ къа деш
69:9 -
فَعَصَوْا رَسُولَ رَبِّهِمْ فَأَخَذَهُمْ أَخْذَةً رَابِيَةً
Цара Iесалла йира шаьш Кхиош-кхобуш волчу Делан элчанна тIаккха уьш схьалаьцира тх чIогIа долчу схьалацаро
69:10 -
إِنَّا لَمَّا طَغَى الْمَاءُ حَمَلْنَاكُمْ فِي الْجَارِيَةِ
Оха хи дозанах даьлча, дихьира шу лелаш долчуьнца (кеманца)
69:11 -
لِنَجْعَلَهَا لَكُمْ تَذْكِرَةً وَتَعِيَهَا أُذُنٌ وَاعِيَةٌ
Иза хилийтархьама шуна хьехам‚ тидаме долчу лерге тидаме эцийтархьама а
69:12 -
فَإِذَا نُفِخَ فِي الصُّورِ نَفْخَةٌ وَاحِدَةٌ
Сур лекхча цхьана лакхарца‚
69:13 -
وَحُمِلَتِ الْأَرْضُ وَالْجِبَالُ فَدُكَّتَا دَكَّةً وَاحِدَةً
Латта а дIадихьча‚ лаьмнаш а /айдича/‚ царах аьтта хр бича цхьана атарца -
69:14 -
فَيَوْمَئِذٍ وَقَعَتِ الْوَاقِعَةُ
Оцу дийнахь догр ду данза ца даьлларг (къематде)
69:15 -
وَانْشَقَّتِ السَّمَاءُ فَهِيَ يَوْمَئِذٍ وَاهِيَةٌ
Стигал йедар ю‚ оцу дийнахь хир ю иза ледаръяьлла (чг йоцуш),
69:16 -
وَالْمَلَكُ عَلَىٰ أَرْجَائِهَا ۚ وَيَحْمِلُ عَرْشَ رَبِّكَ فَوْقَهُمْ يَوْمَئِذٍ ثَمَانِيَةٌ
Маликаш хир ду цуьнан йисташкахула. Хьо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан Iарш хьур ю оцу дийнахь бархIамо шайна тхула
69:17 -
يَوْمَئِذٍ تُعْرَضُونَ لَا تَخْفَىٰ مِنْكُمْ خَافِيَةٌ
Оцу дийнахь шу хIоттор ду /кхиэлна/ хьалха‚ цхьа а хьуллеш хуьлу хIума хьулделла хир дац шух
69:18 -
فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ فَيَقُولُ هَاؤُمُ اقْرَءُوا كِتَابِيَهْ
Амма шен жайна шега аьтту (бакъахьара) куьйга делларг‚ цо эр ма ду /чг хазахетта/: 'ХIей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна!
69:19 -
إِنِّي ظَنَنْتُ أَنِّي مُلَاقٍ حِسَابِيَهْ
Баккъалла а, со моьттуш ма вара /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьалкхетар дуйла'
69:20
Гочдар: Магомед Магомедов