Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг), аят 38 – 47

  1. فَلَا أُقْسِمُ بِمَا تُبْصِرُونَ

    ХӀан-хӀа! Ас дуй боу шуна гуш долчуьнца

    69:38
  2. وَمَا لَا تُبْصِرُونَ

    Шуна гуш доцучуьнца а:

    69:39
  3. إِنَّهُ لَقَوْلُ رَسُولٍ كَرِيمٍ

    Баккъалла а, иза сийлахьчу элчанан дош ма ду (Делера цо дуьйцуш)

    69:40
  4. وَمَا هُوَ بِقَوْلِ شَاعِرٍ ۚ قَلِيلًا مَا تُؤْمِنُونَ

    ШаӀиран дош ма дац иза‚ кӀеззиг ду-кх шу тешаш дерг

    69:41
  5. وَلَا بِقَوْلِ كَاهِنٍ ۚ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ

    Бозбуунчин дош а ма дац иза‚ кӀеззиг ду-кх аш ойла еш дерг

    69:42
  6. تَنْزِيلٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ӏаламийн Дегара охьадоьссина ду иза (Къуръан)

    69:43
  7. وَلَوْ تَقَوَّلَ عَلَيْنَا بَعْضَ الْأَقَاوِيلِ

    Цо Тхуна аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш,

    69:44
  8. لَأَخَذْنَا مِنْهُ بِالْيَمِينِ

    Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту (бакъахьара) куьйга‚

    69:45
  9. ثُمَّ لَقَطَعْنَا مِنْهُ الْوَتِينَ

    ТӀаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха

    69:46
  10. فَمَا مِنْكُمْ مِنْ أَحَدٍ عَنْهُ حَاجِزِينَ

    Шух цхьа а хир ма вацара цунах иза духатухуш

    69:47

Гочдар: Магомед Магомедов