Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг), аят 38 – 52
-
فَلَا أُقْسِمُ بِمَا تُبْصِرُونَ
ХӀан-хӀа! Ас дуй боу шуна гуш долчуьнца
69:38 -
وَمَا لَا تُبْصِرُونَ
Шуна гуш доцучуьнца а:
69:39 -
إِنَّهُ لَقَوْلُ رَسُولٍ كَرِيمٍ
Баккъалла а, иза сийлахьчу элчанан дош ма ду (Делера цо дуьйцуш)
69:40 -
وَمَا هُوَ بِقَوْلِ شَاعِرٍ ۚ قَلِيلًا مَا تُؤْمِنُونَ
ШаӀиран дош ма дац иза‚ кӀеззиг ду-кх шу тешаш дерг
69:41 -
وَلَا بِقَوْلِ كَاهِنٍ ۚ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ
Бозбуунчин дош а ма дац иза‚ кӀеззиг ду-кх аш ойла еш дерг
69:42 -
تَنْزِيلٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Ӏаламийн Дегара охьадоьссина ду иза (Къуръан)
69:43 -
وَلَوْ تَقَوَّلَ عَلَيْنَا بَعْضَ الْأَقَاوِيلِ
Цо Тхуна аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш,
69:44 -
لَأَخَذْنَا مِنْهُ بِالْيَمِينِ
Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту (бакъахьара) куьйга‚
69:45 -
ثُمَّ لَقَطَعْنَا مِنْهُ الْوَتِينَ
ТӀаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха
69:46 -
فَمَا مِنْكُمْ مِنْ أَحَدٍ عَنْهُ حَاجِزِينَ
Шух цхьа а хир ма вацара цунах иза духатухуш
69:47 -
وَإِنَّهُ لَتَذْكِرَةٌ لِلْمُتَّقِينَ
Баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу-кх /Делах/ кхоьруш болчарна
69:48 -
وَإِنَّا لَنَعْلَمُ أَنَّ مِنْكُمْ مُكَذِّبِينَ
Баккъалла а, Тхо хууш ду-кх шух /дин/ харцдеш берш буйла
69:49 -
وَإِنَّهُ لَحَسْرَةٌ عَلَى الْكَافِرِينَ
Баккъалла а, иза (Къуръан) гйг ю-кх цатешачарна. (Цуьнга ийман диллинчарна хир долу ниӀматаш гина пошме хир бу керстанаш къематдийнахь)
69:50 -
وَإِنَّهُ لَحَقُّ الْيَقِينِ
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!
69:51 -
فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ
Сийлахь-воккхачу хьуо кхиош-кхобуш волчу хьан Делан цӀе хастае! (Массо а вочу сибатех цнве Иза)
69:52
Гочдар: Магомед Магомедов