Сурат 69 Аль-хьаккъа (Бакъхилла доьжнарг), аят 41 – 46
-
وَمَا هُوَ بِقَوْلِ شَاعِرٍ ۚ قَلِيلًا مَا تُؤْمِنُونَ
ШаIиран дош ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх шу тешаш дерг
69:41 -
وَلَا بِقَوْلِ كَاهِنٍ ۚ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ
Бозбуунчин дош а ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх аш ойла еш дерг
69:42 -
تَنْزِيلٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Iаламийн Дегара охьадоьссина ду иза (Къуръан)
69:43 -
وَلَوْ تَقَوَّلَ عَلَيْنَا بَعْضَ الْأَقَاوِيلِ
Цо Тхуна аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш,
69:44 -
لَأَخَذْنَا مِنْهُ بِالْيَمِينِ
Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту (бакъахьара) куьйга‚
69:45 -
ثُمَّ لَقَطَعْنَا مِنْهُ الْوَتِينَ
ТIаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха
69:46
Гочдар: Магомед Магомедов