Сурат 70 Аль-маIаридж (Хьалаволу кензаш), аят 1 – 9

  1. سَأَلَ سَائِلٌ بِعَذَابٍ وَاقِعٍ

    Дийхира цхьана доьхучо дужу Iазап

    70:1
  2. لِلْكَافِرِينَ لَيْسَ لَهُ دَافِعٌ

    Цатешачарна яц цунна ян дуьхьало

    70:2
  3. مِنَ اللَّهِ ذِي الْمَعَارِجِ

    Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна хьаладовла/ кензаш йолчу

    70:3
  4. تَعْرُجُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ إِلَيْهِ فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ خَمْسِينَ أَلْفَ سَنَةٍ

    Хьаладовлу маликаш а‚ Са (Джибрил малик) а Иза волчу‚ шен барам /нахана гергахь/ шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь

    70:4
  5. فَاصْبِرْ صَبْرًا جَمِيلًا

    Ахь собар делахь /хIай Мухьаммад цу керстанаша хьо сийсазаван гIерташ дуьйцуш долчунгахь/ хазчу собарца

    70:5
  6. إِنَّهُمْ يَرَوْنَهُ بَعِيدًا

    Баккъалла а, царна иза (Делан Iазап) гуш ду генахь‚

    70:6
  7. وَنَرَاهُ قَرِيبًا

    Тхуна иза гуш ду гергахь

    70:7
  8. يَوْمَ تَكُونُ السَّمَاءُ كَالْمُهْلِ

    Оцу дийнахь стигал хир ю лалина цIеста санна

    70:8
  9. وَتَكُونُ الْجِبَالُ كَالْعِهْنِ

    Лаьмнаш хир ду /бежнийн тIера схьадаьккхина/ цIока санна

    70:9

Гочдар: Магомед Магомедов