Сурат 70 Аль-маIаридж (Хьалаволу кензаш)
-
سَأَلَ سَائِلٌ بِعَذَابٍ وَاقِعٍ
Дийхира цхьана доьхучо дужу Iазап
70:1 -
لِلْكَافِرِينَ لَيْسَ لَهُ دَافِعٌ
Цатешачарна яц цунна ян дуьхьало
70:2 -
مِنَ اللَّهِ ذِي الْمَعَارِجِ
Делера /Iазап/ ду иза‚ Шен /маликашна хьаладовла/ кензаш йолчу
70:3 -
تَعْرُجُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ إِلَيْهِ فِي يَوْمٍ كَانَ مِقْدَارُهُ خَمْسِينَ أَلْفَ سَنَةٍ
Хьаладовлу маликаш а‚ Са (Джибрил малик) а Иза волчу‚ шен барам /нахана гергахь/ шовзткъе итт эзар шо долчу дийнахь
70:4 -
فَاصْبِرْ صَبْرًا جَمِيلًا
Ахь собар делахь /хIай Мухьаммад цу керстанаша хьо сийсазаван гIерташ дуьйцуш долчунгахь/ хазчу собарца
70:5 -
إِنَّهُمْ يَرَوْنَهُ بَعِيدًا
Баккъалла а, царна иза (Делан Iазап) гуш ду генахь‚
70:6 -
وَنَرَاهُ قَرِيبًا
Тхуна иза гуш ду гергахь
70:7 -
يَوْمَ تَكُونُ السَّمَاءُ كَالْمُهْلِ
Оцу дийнахь стигал хир ю лалина цIеста санна
70:8 -
وَتَكُونُ الْجِبَالُ كَالْعِهْنِ
Лаьмнаш хир ду /бежнийн тIера схьадаьккхина/ цIока санна
70:9 -
وَلَا يَسْأَلُ حَمِيمٌ حَمِيمًا
/Оцу дийнахь/ доттагIчо доттагIчух хоттур ма дац /шен бāла совбаларна/
70:10 -
يُبَصَّرُونَهُمْ ۚ يَوَدُّ الْمُجْرِمُ لَوْ يَفْتَدِي مِنْ عَذَابِ يَوْمِئِذٍ بِبَنِيهِ
Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хIетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош динчунна оцу дийнахь Iазапах кIелхьарвала шен кIентий дIабелла а‚
70:11 -
وَصَاحِبَتِهِ وَأَخِيهِ
Шен зуда а‚ шен ваша а /дIабелла а/‚
70:12 -
وَفَصِيلَتِهِ الَّتِي تُؤْوِيهِ
Ша тIелаьцна хилла долу шен тайпа а /дIаделла а/‚
70:13 -
وَمَنْ فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ثُمَّ يُنْجِيهِ
Массо а лаьттахь мел верг а /дIавелла а/, тIаккха кIелхьарвала /луур дара цунна/
70:14 -
كَلَّا ۖ إِنَّهَا لَظَىٰ
ХIан-хIа! Баккъалла а, иза (жоьжахати) āлу лепа цIе ю
70:15 -
نَزَّاعَةً لِلشَّوَىٰ
Схьаозор долуш ду цо коьртан чIор
70:16 -
تَدْعُو مَنْ أَدْبَرَ وَتَوَلَّىٰ
ТIекхойкхур ву цо ша /Дела цхьаъ варх/ юхаваьлларг а‚ /ийманах/ дIаведдарг а,
70:17 -
وَجَمَعَ فَأَوْعَىٰ
Гулдийнарг /дуьненахь даьхни, хьанал-хьарам ца къестош/, тккха и ддиллинарг а /Делан а, нехан а хьакъ д ца луш/
70:18 -
إِنَّ الْإِنْسَانَ خُلِقَ هَلُوعًا
Адам кхоьллина ду /бāла беъча/ собар доцуш, /Делан ниIматашна/ шукур доцуш
70:19 -
إِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ جَزُوعًا
Шех цадезарг (пекъаралла, цамгар, кхерам) ттаделча, нуьцкъала собарх волуш (массо а диканах дог дуьллуш),
70:20
Гочдар: Магомед Магомедов