Сурат 70 Аль-маӀаридж (Хьалаволу кензаш), аят 10 – 14

  1. وَلَا يَسْأَلُ حَمِيمٌ حَمِيمًا

    /Оцу дийнахь/ доттагӀчо доттагӀчух хоттур ма дац /шен бāла совбаларна/

    70:10
  2. يُبَصَّرُونَهُمْ ۚ يَوَدُّ الْمُجْرِمُ لَوْ يَفْتَدِي مِنْ عَذَابِ يَوْمِئِذٍ بِبَنِيهِ

    Уьш вовшашна гойтуш хир ма бу /хӀетте а хоьттур дац цара вовшех/. Луур ду къинош динчунна оцу дийнахь Ӏазапах кӀелхьарвала шен кӀентий дӀабелла а‚

    70:11
  3. وَصَاحِبَتِهِ وَأَخِيهِ

    Шен зуда а‚ шен ваша а /дӀабелла а/‚

    70:12
  4. وَفَصِيلَتِهِ الَّتِي تُؤْوِيهِ

    Ша тӀелаьцна хилла долу шен тайпа а /дӀаделла а/‚

    70:13
  5. وَمَنْ فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ثُمَّ يُنْجِيهِ

    Массо а лаьттахь мел верг а /дӀавелла а/, тӀаккха кӀелхьарвала /луур дара цунна/

    70:14

Гочдар: Магомед Магомедов