Сурат 70 Аль-маӀаридж (Хьалаволу кензаш), аят 22 – 34
-
إِلَّا الْمُصَلِّينَ
Ламазаш деш берш боцурш,
70:22 -
الَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ دَائِمُونَ
Шаьш шайн ламазашкахь гуттар болуш
70:23 -
وَالَّذِينَ فِي أَمْوَالِهِمْ حَقٌّ مَعْلُومٌ
Шайн /хьолехь/ билгала хьакъ долуш
70:24 -
لِلسَّائِلِ وَالْمَحْرُومِ
/СагӀа/ доьхучунна а‚ шегахь хӀумма доцчунна а (сагӀа ца доьхучунна а),
70:25 -
وَالَّذِينَ يُصَدِّقُونَ بِيَوْمِ الدِّينِ
Шаьш декхаран де бакъдеш берш,
70:26 -
وَالَّذِينَ هُمْ مِنْ عَذَابِ رَبِّهِمْ مُشْفِقُونَ
Шаьш Кхиош-кхобуш волчу шайн Делан Ӏазапах кхоьруш берш
70:27 -
إِنَّ عَذَابَ رَبِّهِمْ غَيْرُ مَأْمُونٍ
Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш волчу церан Делан Ӏазап тешаме дац /муьлхачу хенахь дан тарло/
70:28 -
وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ
Шаьш шайн эвхье меженаш ларъеш берш
70:29 -
إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ
Шайн зударий боцучарах а‚ шайн аьтту куьйго доладина зударий боцучарах а. Оцаргахь уьш бехке бац
70:30 -
فَمَنِ ابْتَغَىٰ وَرَاءَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْعَادُونَ
Цул тӀехбевлларш – уьш /Делан/ дозанех бевлларш бу
70:31 -
وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ
Шаьш шайна бина тешам а‚ шаьш йина ваӀда а кхочушъеш берш,
70:32 -
وَالَّذِينَ هُمْ بِشَهَادَاتِهِمْ قَائِمُونَ
Шаьш шайн тешаллина тӀехь лаьтташ берш,
70:33 -
وَالَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ
Шаьш шайн ламазаш Ӏалашдеш берш -
70:34
Гочдар: Магомед Магомедов