Сурат 70 Аль-маIаридж (Хьалаволу кензаш), аят 22 – 35

  1. إِلَّا الْمُصَلِّينَ

    Ламазаш деш берш боцурш,

    70:22
  2. الَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ دَائِمُونَ

    Шаьш шайн ламазашкахь гуттар болуш

    70:23
  3. وَالَّذِينَ فِي أَمْوَالِهِمْ حَقٌّ مَعْلُومٌ

    Шайн /хьолехь/ билгала хьакъ долуш

    70:24
  4. لِلسَّائِلِ وَالْمَحْرُومِ

    /СагIа/ доьхучунна а‚ шегахь хIумма доцчунна а (сагIа ца доьхучунна а),

    70:25
  5. وَالَّذِينَ يُصَدِّقُونَ بِيَوْمِ الدِّينِ

    Шаьш декхаран де бакъдеш берш,

    70:26
  6. وَالَّذِينَ هُمْ مِنْ عَذَابِ رَبِّهِمْ مُشْفِقُونَ

    Шаьш Кхиош-кхобуш волчу шайн Делан Iазапах кхоьруш берш

    70:27
  7. إِنَّ عَذَابَ رَبِّهِمْ غَيْرُ مَأْمُونٍ

    Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш волчу церан Делан Iазап тешаме дац /муьлхачу хенахь дан тарло/

    70:28
  8. وَالَّذِينَ هُمْ لِفُرُوجِهِمْ حَافِظُونَ

    Шаьш шайн эвхье меженаш ларъеш берш

    70:29
  9. إِلَّا عَلَىٰ أَزْوَاجِهِمْ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَإِنَّهُمْ غَيْرُ مَلُومِينَ

    Шайн зударий боцучарах а‚ шайн аьтту куьйго доладина зударий боцучарах а. Оцаргахь уьш бехке бац

    70:30
  10. فَمَنِ ابْتَغَىٰ وَرَاءَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْعَادُونَ

    Цул тIехбевлларш – уьш /Делан/ дозанех бевлларш бу

    70:31
  11. وَالَّذِينَ هُمْ لِأَمَانَاتِهِمْ وَعَهْدِهِمْ رَاعُونَ

    Шаьш шайна бина тешам а‚ шаьш йина ваIда а кхочушъеш берш,

    70:32
  12. وَالَّذِينَ هُمْ بِشَهَادَاتِهِمْ قَائِمُونَ

    Шаьш шайн тешаллина тIехь лаьтташ берш,

    70:33
  13. وَالَّذِينَ هُمْ عَلَىٰ صَلَاتِهِمْ يُحَافِظُونَ

    Шаьш шайн ламазаш Iалашдеш берш -

    70:34
  14. أُولَٰئِكَ فِي جَنَّاتٍ مُكْرَمُونَ

    Уьш /ялсаманин/ бошмашкахь хир бу шайх сийдина

    70:35

Гочдар: Магомед Магомедов