Сурат 70 Аль-маӀаридж (Хьалаволу кензаш), аят 36 – 44

  1. فَمَالِ الَّذِينَ كَفَرُوا قِبَلَكَ مُهْطِعِينَ

    ХӀун хилла цатешначарна - хьуна хьалха дӀасхьауьйдуш болчарна‚

    70:36
  2. عَنِ الْيَمِينِ وَعَنِ الشِّمَالِ عِزِينَ

    /Хьуна/ аьтту агӀорхьа‚ аьрру агӀорхьа а тобанаш еш болчу /бусалбанех ца бешаш вовшашка дуьйцуш болчу: хӀорш ялсамане гӀахь‚ вай царал хьалха гӀур ду/?

    70:37
  3. أَيَطْمَعُ كُلُّ امْرِئٍ مِنْهُمْ أَنْ يُدْخَلَ جَنَّةَ نَعِيمٍ

    Лууш вуй - те царах массо а стаг ша ниӀматийн ялсамане вахийта?

    70:38
  4. كَلَّا ۖ إِنَّا خَلَقْنَاهُمْ مِمَّا يَعْلَمُونَ

    ХӀан-хӀа! Баккъалла а, Оха уьш кхоьллира царна хуучух /тӀадамах, курабовла ца оьшура царна/

    70:39
  5. فَلَا أُقْسِمُ بِرَبِّ الْمَشَارِقِ وَالْمَغَارِبِ إِنَّا لَقَادِرُونَ

    ХӀан-хӀа! Ас дуй боу малхбалийн а‚ малхбузийн а Кхиош-кхобучу Делах: баккъалла а, Тхо ницӀкъ болуш ду-кх

    70:40
  6. عَلَىٰ أَنْ نُبَدِّلَ خَيْرًا مِنْهُمْ وَمَا نَحْنُ بِمَسْبُوقِينَ

    /Уьш/ хийцабан царал дикачаьрца‚ /цу тӀехь/ тхол хьалхавер вац /цхьа а/

    70:41
  7. فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ

    Бита уьш /шайн тиларчохь/ дӀасаийдан а‚ ловзан а шайн ваӀда йина йолчу /къемат/ денна дуьхьалкхетталц

    70:42
  8. يَوْمَ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ سِرَاعًا كَأَنَّهُمْ إِلَىٰ نُصُبٍ يُوفِضُونَ

    Оцу дийнахь уьш арабовлур бу кешнаш чуьра сихбевлла, шаьш /хьалха шаьш Ӏибадат деш хилла болу/ тӀулгашна тӀе бовдуш санна‚

    70:43
  9. خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۚ ذَٰلِكَ الْيَوْمُ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ

    Шайн бӀаьргаш охьатоьхна. Сийсазалла кхуьур ю царах. И де ду-кх царна хир ду аьлла ваӀда йина хилларг!

    70:44

Гочдар: Магомед Магомедов