Сурат 72 Джинн (Джинаш)
-
قُلْ أُوحِيَ إِلَيَّ أَنَّهُ اسْتَمَعَ نَفَرٌ مِنَ الْجِنِّ فَقَالُوا إِنَّا سَمِعْنَا قُرْآنًا عَجَبًا
Ахь āла: 'Соьга вехьеца хаийтина: 'ЛадуьйгIира /Къуръане/ жинийн цхьана тобано‚ тIаккха цара элира: 'Баккъалла а, тхуна хезира цхьа тамаше дешар !
72:1 -
يَهْدِي إِلَى الرُّشْدِ فَآمَنَّا بِهِ ۖ وَلَنْ نُشْرِكَ بِرَبِّنَا أَحَدًا
Цо (Къуръано) нисво нийсачу новкъа‚ тхо цунах тийшира‚ оха лацанне а лоцур вац тхаш кхиош-кхобуш волчу Делаца цхьа а накъост
72:2 -
وَأَنَّهُ تَعَالَىٰ جَدُّ رَبِّنَا مَا اتَّخَذَ صَاحِبَةً وَلَا وَلَدًا
Баккъалла а, лакхадели тхо кхиош-кхобуш волчу Делан возалла ца леци Цо зуда-накъост а‚ доьзалхо а
72:3 -
وَأَنَّهُ كَانَ يَقُولُ سَفِيهُنَا عَلَى اللَّهِ شَطَطًا
Баккъалла а, хили тхан Iовдалниг олуш Далла тIехь кIорггера харцдерг
72:4 -
وَأَنَّا ظَنَنَّا أَنْ لَنْ تَقُولَ الْإِنْسُ وَالْجِنُّ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا
Тхуна моьттура цкъа а эр дац адамо а‚ жино а Далла тIехь харцдерг
72:5 -
وَأَنَّهُ كَانَ رِجَالٌ مِنَ الْإِنْسِ يَعُوذُونَ بِرِجَالٍ مِنَ الْجِنِّ فَزَادُوهُمْ رَهَقًا
Адамийн цхьа божарий бара ларлуш жинийн божаршца (цаьргара гIо луьйцуш) цара совбехира уьш тиларца (Делан дозанех бовларца)
72:6 -
وَأَنَّهُمْ ظَنُّوا كَمَا ظَنَنْتُمْ أَنْ لَنْ يَبْعَثَ اللَّهُ أَحَدًا
Баккъалла а, царна моьттура шуна моьттуш хилларг: 'Цкъа а Дала цхьа а денвийр вац'‚ аьлла
72:7 -
وَأَنَّا لَمَسْنَا السَّمَاءَ فَوَجَدْنَاهَا مُلِئَتْ حَرَسًا شَدِيدًا وَشُهُبًا
/Жинаша элира/: 'Тхо хьакхаделира стиглах‚ тхуна иза карийра нуьцIкъалчу гIаролех‚ цIе тухучу седарчех юьззина
72:8 -
وَأَنَّا كُنَّا نَقْعُدُ مِنْهَا مَقَاعِدَ لِلسَّمْعِ ۖ فَمَنْ يَسْتَمِعِ الْآنَ يَجِدْ لَهُ شِهَابًا رَصَدًا
Тхо хилира цигахь охьахууш ладогIаран охьахаарна. ЛадугIуш волчунна хIинца карор шена кIело йина Iеш болу цIе туху седа
72:9 -
وَأَنَّا لَا نَدْرِي أَشَرٌّ أُرِيدَ بِمَنْ فِي الْأَرْضِ أَمْ أَرَادَ بِهِمْ رَبُّهُمْ رَشَدًا
Тхуна хаац‚ вониг лууш ду лаьттахь болчарна я уьш Кхиош-кхобуш волу Дела царна нийса некъ лууш ву
72:10 -
وَأَنَّا مِنَّا الصَّالِحُونَ وَمِنَّا دُونَ ذَٰلِكَ ۖ كُنَّا طَرَائِقَ قِدَدًا
Тхох диканаш а ду‚ тхох уьш доцурш а ду‚ тхо хилира тайп-тайпана некъенаш
72:11 -
وَأَنَّا ظَنَنَّا أَنْ لَنْ نُعْجِزَ اللَّهَ فِي الْأَرْضِ وَلَنْ نُعْجِزَهُ هَرَبًا
Тхуна хиира: тхуна цкъа а ницкъ кхочур бац Дела (-н омрах довла) лаьттахь а‚ тхуна цкъа а ницкъ кхочур бац девдана кIелхьардовла а
72:12 -
وَأَنَّا لَمَّا سَمِعْنَا الْهُدَىٰ آمَنَّا بِهِ ۖ فَمَنْ يُؤْمِنْ بِرَبِّهِ فَلَا يَخَافُ بَخْسًا وَلَا رَهَقًا
Тхуна нийса некъ (Къуръан) хезча‚ тхо Цунах (Делах) тийшира. Ша кхиош-кхобуш волчу шен Делах тешаш верг кхоьрур вац шен мела эшарх а‚ зулам хиларх а /къа сов даьлла/
72:13 -
وَأَنَّا مِنَّا الْمُسْلِمُونَ وَمِنَّا الْقَاسِطُونَ ۖ فَمَنْ أَسْلَمَ فَأُولَٰئِكَ تَحَرَّوْا رَشَدًا
Баккъалла а, тхох /Далла/ муьтхь дерш а ду‚ тхох /бакъдолчух/ дIадирзинарш а ду. Ткъа шаьш /Далла/ муьтхь хилларш дикачунна тIе /нийсачу новкъа/ нисбелла
72:14 -
وَأَمَّا الْقَاسِطُونَ فَكَانُوا لِجَهَنَّمَ حَطَبًا
Амма бакъболчу некъах дIабирзинарш царах хили жоьжахатина ягориг'
72:15 -
وَأَنْ لَوِ اسْتَقَامُوا عَلَى الطَّرِيقَةِ لَأَسْقَيْنَاهُمْ مَاءً غَدَقًا
Уьш нисбеллехьара /исламан/ новкъа, Оха малор дара царна шортта хи (оьшучу хенахь шортта догIа дойтур дара Оха царна)‚
72:16 -
لِنَفْتِنَهُمْ فِيهِ ۚ وَمَنْ يُعْرِضْ عَنْ ذِكْرِ رَبِّهِ يَسْلُكْهُ عَذَابًا صَعَدًا
Цуьнца уьш зерхьама. Ша кхиош-кхобуш волу шен Дела хьехорах дIавоьрзуш верг - Цо вохуьйтур ву и лан хала долчу Iазапа чу
72:17 -
وَأَنَّ الْمَسَاجِدَ لِلَّهِ فَلَا تَدْعُوا مَعَ اللَّهِ أَحَدًا
Баккъалла а, маьждигаш Делан ду аш ма кхайкха Делаца цхьа а!
72:18 -
وَأَنَّهُ لَمَّا قَامَ عَبْدُ اللَّهِ يَدْعُوهُ كَادُوا يَكُونُونَ عَلَيْهِ لِبَدًا
Баккъалла а, Делан лай (Мухьаммад) дхIоьттича Цуьнга кхойкхуш, уьш (бусалба джинаш) дисира тIеттIа цунна тIе гулделла /ладогIа лууш/
72:19 -
قُلْ إِنَّمَا أَدْعُو رَبِّي وَلَا أُشْرِكُ بِهِ أَحَدًا
Ахь āла /цу керстанашка, хIай Мухьаммад/: 'Баккъалла а, ас кхойкху со кхиош-кхобуш волчу сан Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу ас'
72:20
Гочдар: Магомед Магомедов