Сурат 72 Джинн (Джинаш)
-
قُلْ إِنِّي لَا أَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا رَشَدًا
Ахь āла: 'Баккъалла а, со вац сан долахь шуна зен долуш‚ нийса некъ болуш а'
72:21 -
قُلْ إِنِّي لَنْ يُجِيرَنِي مِنَ اللَّهِ أَحَدٌ وَلَنْ أَجِدَ مِنْ دُونِهِ مُلْتَحَدًا
Ахь āла: 'Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург вадан меттиг
72:22 -
إِلَّا بَلَاغًا مِنَ اللَّهِ وَرِسَالَاتِهِ ۚ وَمَنْ يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا
Делера дерг а‚ Цуьнан элчаналлин дерг а дIакхачор бен /нахе дац суна тIехь/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Iесалла еш верг баккъалла а, цунна жоьжахатин цIе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ
72:23 -
حَتَّىٰ إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ أَضْعَفُ نَاصِرًا وَأَقَلُّ عَدَدًا
Шайна хир ду аьлла ваIда йинарг галц тIаккха хуур ду царна‚ мила ву вуно ледар гIоьнчий хиларца‚ вуно кIеззиг ницкъ хиларца
72:24 -
قُلْ إِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ مَا تُوعَدُونَ أَمْ يَجْعَلُ لَهُ رَبِّي أَمَدًا
Ахь āла: 'Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваIда йинарг я со кхиош-кхобуш волчу сан Дала цунна хан тоьхна‚
72:25 -
عَالِمُ الْغَيْبِ فَلَا يُظْهِرُ عَلَىٰ غَيْبِهِ أَحَدًا
Къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тIе цхьа а
72:26 -
إِلَّا مَنِ ارْتَضَىٰ مِنْ رَسُولٍ فَإِنَّهُ يَسْلُكُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ رَصَدًا
/Ша Далла/ реза хилла элча воцург. Тккха, баккъалла а, Цо лоьлуьйту элчанна хьалхахула а‚ тIехьахула а /иза джинех а, шайтнан васвасаллах а Iалашвеш маликийн/ тергаме тоба
72:27 -
لِيَعْلَمَ أَنْ قَدْ أَبْلَغُوا رِسَالَاتِ رَبِّهِمْ وَأَحَاطَ بِمَا لَدَيْهِمْ وَأَحْصَىٰ كُلَّ شَيْءٍ عَدَدًا
Шена хаийтан цара (элчанаша) дIакхачийна дуйла шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делан элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хIор хIума дагарйина Цо барамца'
72:28
Гочдар: Магомед Магомедов