Сурат 72 Джинн (Джинаш), аят 20 – 28

  1. قُلْ إِنَّمَا أَدْعُو رَبِّي وَلَا أُشْرِكُ بِهِ أَحَدًا

    Ахь āла /цу керстанашка, хӀай Мухьаммад/: 'Баккъалла а, ас кхойкху со кхиош-кхобуш волчу сан Деле‚ Цуьнца цхьа а накъост ца лоцу ас'

    72:20
  2. قُلْ إِنِّي لَا أَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا رَشَدًا

    Ахь āла: 'Баккъалла а, со вац сан долахь шуна зен долуш‚ нийса некъ болуш а'

    72:21
  3. قُلْ إِنِّي لَنْ يُجِيرَنِي مِنَ اللَّهِ أَحَدٌ وَلَنْ أَجِدَ مِنْ دُونِهِ مُلْتَحَدًا

    Ахь āла: 'Баккъалла а, со Делах ларор вац цхьаммо а‚ суна карор яц Иза воцург вадан меттиг

    72:22
  4. إِلَّا بَلَاغًا مِنَ اللَّهِ وَرِسَالَاتِهِ ۚ وَمَنْ يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا

    Делера дерг а‚ Цуьнан элчаналлин дерг а дӀакхачор бен /нахе дац суна тӀехь/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а Ӏесалла еш верг баккъалла а, цунна жоьжахатин цӀе хир ю‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ

    72:23
  5. حَتَّىٰ إِذَا رَأَوْا مَا يُوعَدُونَ فَسَيَعْلَمُونَ مَنْ أَضْعَفُ نَاصِرًا وَأَقَلُّ عَدَدًا

    Шайна хир ду аьлла ваӀда йинарг галц тӀаккха хуур ду царна‚ мила ву вуно ледар гӀоьнчий хиларца‚ вуно кӀеззиг ницкъ хиларца

    72:24
  6. قُلْ إِنْ أَدْرِي أَقَرِيبٌ مَا تُوعَدُونَ أَمْ يَجْعَلُ لَهُ رَبِّي أَمَدًا

    Ахь āла: 'Суна хаац‚ герга ду и шуна хир ду аьлла ваӀда йинарг я со кхиош-кхобуш волчу сан Дала цунна хан тоьхна‚

    72:25
  7. عَالِمُ الْغَيْبِ فَلَا يُظْهِرُ عَلَىٰ غَيْبِهِ أَحَدًا

    Къайле хуург /ву Иза/‚ Цо ца кхиаво Шен къайленна тӀе цхьа а

    72:26
  8. إِلَّا مَنِ ارْتَضَىٰ مِنْ رَسُولٍ فَإِنَّهُ يَسْلُكُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ رَصَدًا

    /Ша Далла/ реза хилла элча воцург. Тккха, баккъалла а, Цо лоьлуьйту элчанна хьалхахула а‚ тӀехьахула а /иза джинех а, шайтнан васвасаллах а Ӏалашвеш маликийн/ тергаме тоба

    72:27
  9. لِيَعْلَمَ أَنْ قَدْ أَبْلَغُوا رِسَالَاتِ رَبِّهِمْ وَأَحَاطَ بِمَا لَدَيْهِمْ وَأَحْصَىٰ كُلَّ شَيْءٍ عَدَدًا

    Шена хаийтан цара (элчанаша) дӀакхачийна дуйла шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делан элчаналла. Цаьргахь дерг кхоччуш хууш ву Иза‚ хӀор хӀума дагарйина Цо барамца'

    72:28

Гочдар: Магомед Магомедов