Сурат 73 Аль-музаммил (ДӀахьерчинарг), аят 1 – 19

  1. يَا أَيُّهَا الْمُزَّمِّلُ

    ХӀай /бедарх/ дӀахьаьрчинарг!

    73:1
  2. قُمِ اللَّيْلَ إِلَّا قَلِيلًا

    ГӀатта буса‚ цхьа кӀеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаӀа/

    73:2
  3. نِصْفَهُ أَوِ انْقُصْ مِنْهُ قَلِيلًا

    Цуьнан ах /йите/‚ я цунах цхьа кӀеззиг эшае

    73:3
  4. أَوْ زِدْ عَلَيْهِ وَرَتِّلِ الْقُرْآنَ تَرْتِيلًا

    Я тӀетоха цунна. Къуръан деша (меллаша, хазчу) дешарца

    73:4
  5. إِنَّا سَنُلْقِي عَلَيْكَ قَوْلًا ثَقِيلًا

    Оха дуьхьалтухур ду хьуна деза дош

    73:5
  6. إِنَّ نَاشِئَةَ اللَّيْلِ هِيَ أَشَدُّ وَطْئًا وَأَقْوَمُ قِيلًا

    Баккъалла а, буьйсанан хан еза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгал ю дашца

    73:6
  7. إِنَّ لَكَ فِي النَّهَارِ سَبْحًا طَوِيلًا

    Боккъалла а, хьуна /дан/ дийнахь дехха гӀуллакхаш ду (Къуръан деша мукъа ца волу хьо)

    73:7
  8. وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ وَتَبَتَّلْ إِلَيْهِ تَبْتِيلًا

    Хьехае хьуо Кхиош-кхобуш волчу /Делан/ цӀе. /Дуьненан гӀуллакхех/ хада Цунна (Дала) Ӏибадат дарца, (дог цӀена) хадарца

    73:8
  9. رَبُّ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَاتَّخِذْهُ وَكِيلًا

    Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобург ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал (тӀетовжа гӀоьнча)

    73:9
  10. وَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَاهْجُرْهُمْ هَجْرًا جَمِيلًا

    Собар де цара (Маккан керастанаша) олучунна тӀехь‚ бита уьш хазчу кепара. /Дукха бехкаш ца бохуш, цатам ца беш/

    73:10
  11. وَذَرْنِي وَالْمُكَذِّبِينَ أُولِي النَّعْمَةِ وَمَهِّلْهُمْ قَلِيلًا

    Вита Со а‚ и шайгахь ниӀматаш долу /дин/ харцдеш берш а‚ собар де цаьрца цхьа кӀеззиг

    73:11
  12. إِنَّ لَدَيْنَا أَنْكَالًا وَجَحِيمًا

    Баккъалла а, Тхоьгахь буржолаш а ю‚ /жоьжахатин/ цӀе а ю

    73:12
  13. وَطَعَامًا ذَا غُصَّةٍ وَعَذَابًا أَلِيمًا

    Лага чохь дуьсур долу даар а ду‚ лазош долу Ӏазап а ду

    73:13
  14. يَوْمَ تَرْجُفُ الْأَرْضُ وَالْجِبَالُ وَكَانَتِ الْجِبَالُ كَثِيبًا مَهِيلًا

    Оцу /къемат/дийнахь латта а‚ лаьмнаш а дегалур ду‚ лаьмнех хир бу Ӏенаш болу гмаран барз

    73:14
  15. إِنَّا أَرْسَلْنَا إِلَيْكُمْ رَسُولًا شَاهِدًا عَلَيْكُمْ كَمَا أَرْسَلْنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ رَسُولًا

    Баккъалла а, Оха ваийтина шуьга элча /Мухьаммад/ шуна тӀехь теш хилла‚ Оха ФирӀавне а элча /Муса/ вахийтарх терра

    73:15
  16. فَعَصَىٰ فِرْعَوْنُ الرَّسُولَ فَأَخَذْنَاهُ أَخْذًا وَبِيلًا

    ФирӀавн Ӏеса хилира элчанна тӀаккха Оха иза схьалецира чӀогӀачу схьалацарца

    73:16
  17. فَكَيْفَ تَتَّقُونَ إِنْ كَفَرْتُمْ يَوْمًا يَجْعَلُ الْوِلْدَانَ شِيبًا

    Шу муха ца кхоьру /хӀай къурайшан тоба/, аш керстаналла дича, ша бераш къеж бийр болчу дийнах?

    73:17
  18. السَّمَاءُ مُنْفَطِرٌ بِهِ ۚ كَانَ وَعْدُهُ مَفْعُولًا

    Стигал этӀар ю /оцу дийнан ирчаллах/. Цуьнан (Делан) ваӀда кхочушхилла

    73:18
  19. إِنَّ هَٰذِهِ تَذْكِرَةٌ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ سَبِيلًا

    Баккъалла а, хӀара хьехам бу. Шена луучо шен Кхиош-кхобучуьнга некъ схьалоцур бу /цунах/

    73:19

Гочдар: Магомед Магомедов