Сурат 73 Аль-музаммил (ДӀахьерчинарг), аят 1 – 9
-
يَا أَيُّهَا الْمُزَّمِّلُ
ХӀай /бедарх/ дӀахьаьрчинарг!
73:1 -
قُمِ اللَّيْلَ إِلَّا قَلِيلًا
ГӀатта буса‚ цхьа кӀеззиг /буьйса/ йите /хьайна садаӀа/
73:2 -
نِصْفَهُ أَوِ انْقُصْ مِنْهُ قَلِيلًا
Цуьнан ах /йите/‚ я цунах цхьа кӀеззиг эшае
73:3 -
أَوْ زِدْ عَلَيْهِ وَرَتِّلِ الْقُرْآنَ تَرْتِيلًا
Я тӀетоха цунна. Къуръан деша (меллаша, хазчу) дешарца
73:4 -
إِنَّا سَنُلْقِي عَلَيْكَ قَوْلًا ثَقِيلًا
Оха дуьхьалтухур ду хьуна деза дош
73:5 -
إِنَّ نَاشِئَةَ اللَّيْلِ هِيَ أَشَدُّ وَطْئًا وَأَقْوَمُ قِيلًا
Баккъалла а, буьйсанан хан еза ю (ламаз дечунна)‚ вуно билгал ю дашца
73:6 -
إِنَّ لَكَ فِي النَّهَارِ سَبْحًا طَوِيلًا
Боккъалла а, хьуна /дан/ дийнахь дехха гӀуллакхаш ду (Къуръан деша мукъа ца волу хьо)
73:7 -
وَاذْكُرِ اسْمَ رَبِّكَ وَتَبَتَّلْ إِلَيْهِ تَبْتِيلًا
Хьехае хьуо Кхиош-кхобуш волчу /Делан/ цӀе. /Дуьненан гӀуллакхех/ хада Цунна (Дала) Ӏибадат дарца, (дог цӀена) хадарца
73:8 -
رَبُّ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَاتَّخِذْهُ وَكِيلًا
Малхбалин а‚ малхбузен а Кхиош-кхобург ву Иза‚ вац кхин дела Иза воцург‚ лаца Цунах /хьайна/ векал (тӀетовжа гӀоьнча)
73:9
Гочдар: Магомед Магомедов