Сурат 74 Аль-муддассир (Бедарх дӀахьерчинарг), аят 32 – 56
-
كَلَّا وَالْقَمَرِ
ХӀан-хӀа! Баттаца дуй боу Ас!
74:32 -
وَاللَّيْلِ إِذْ أَدْبَرَ
Буьйсанца дуй боу и тӀаьхьаяханчу хенахь
74:33 -
وَالصُّبْحِ إِذَا أَسْفَرَ
Сатасарца дуй боу и гучудаьллачу хенахь
74:34 -
إِنَّهَا لَإِحْدَى الْكُبَرِ
Баккъалла а, иза (сакъар олу жоьжахати) уггар яккхичарах цхьаъ ю!
74:35 -
نَذِيرًا لِلْبَشَرِ
Кхерамча адамашна /ю иза/
74:36 -
لِمَنْ شَاءَ مِنْكُمْ أَنْ يَتَقَدَّمَ أَوْ يَتَأَخَّرَ
Шух шен луучунна /диканна/ хьалхавала а‚ /вочунна/ тӀаьхьависа а
74:37 -
كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ رَهِينَةٌ
Массо а са ша карадинчуьнца закъалт ду
74:38 -
إِلَّا أَصْحَابَ الْيَمِينِ
Аьтту куьйган дай боцурш
74:39 -
فِي جَنَّاتٍ يَتَسَاءَلُونَ
Уьш /бошмашкахь/ вовшашка хоьттуш хир бу
74:40 -
عَنِ الْمُجْرِمِينَ
Къинош диначарах:
74:41 -
مَا سَلَكَكُمْ فِي سَقَرَ
'Хьан дигина шу сакъара чу?'
74:42 -
قَالُوا لَمْ نَكُ مِنَ الْمُصَلِّينَ
Цара элира: 'Тхо ца хилира ламазаш дечарах,
74:43 -
وَلَمْ نَكُ نُطْعِمُ الْمِسْكِينَ
Тхо ца хилира мискачарна хӀума даош
74:44 -
وَكُنَّا نَخُوضُ مَعَ الْخَائِضِينَ
Даьсса хабарш дуьйцучаьрца /даьсса/ хабар дуьйцуш хилира тхо‚
74:45 -
وَكُنَّا نُكَذِّبُ بِيَوْمِ الدِّينِ
Бекхаман де харцдеш хилира тхо
74:46 -
حَتَّىٰ أَتَانَا الْيَقِينُ
Тхайга бакъдерг далц'
74:47 -
فَمَا تَنْفَعُهُمْ شَفَاعَةُ الشَّافِعِينَ
Пайда бийр бац царна шапаӀат дечеран шапаӀато
74:48 -
فَمَا لَهُمْ عَنِ التَّذْكِرَةِ مُعْرِضِينَ
ХӀун ду царна уьш хьехамах дӀаберза?
74:49 -
كَأَنَّهُمْ حُمُرٌ مُسْتَنْفِرَةٌ
Шаьш акхаяьлла вираш санна‚
74:50 -
فَرَّتْ مِنْ قَسْوَرَةٍ
/Кхераелла/ йовдуш ломах?
74:51 -
بَلْ يُرِيدُ كُلُّ امْرِئٍ مِنْهُمْ أَنْ يُؤْتَىٰ صُحُفًا مُنَشَّرَةً
ХӀаъ, царах массо а ву лууш шега лойла схьадиллина жайнаш
74:52 -
كَلَّا ۖ بَلْ لَا يَخَافُونَ الْآخِرَةَ
ХӀан-хӀа‚ уьш ца кхоьру эхартах
74:53 -
كَلَّا إِنَّهُ تَذْكِرَةٌ
ХӀан-хӀа! Баккъалла а, иза /Къуръан/ хьехам бу,
74:54 -
فَمَنْ شَاءَ ذَكَرَهُ
Шена /нисвала/ луучо тлоцур бу и
74:55 -
وَمَا يَذْكُرُونَ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ ۚ هُوَ أَهْلُ التَّقْوَىٰ وَأَهْلُ الْمَغْفِرَةِ
Далла лаахь бен цара тлоцур-м бац. Иза ву /Шех/ кхеран охӀла‚ Иза ву /Ша/ гечдаран охӀла
74:56
Гочдар: Магомед Магомедов