Сурат 74 Аль-муддассир (Бедарх дIахьерчинарг)

  1. يَا أَيُّهَا الْمُدَّثِّرُ

    ХIай /бедарх/ дIахьаьрчинарг!

    74:1
  2. قُمْ فَأَنْذِرْ

    ХьалагIатта‚ кхерам таса!

    74:2
  3. وَرَبَّكَ فَكَبِّرْ

    Хьуо Кхиош-кхобург воккхаве!

    74:3
  4. وَثِيَابَكَ فَطَهِّرْ

    Хьан бедар цIанъе!

    74:4
  5. وَالرُّجْزَ فَاهْجُرْ

    Боьху хIуманаш дIатаса!

    74:5
  6. وَلَا تَمْنُنْ تَسْتَكْثِرُ

    Ма ло хIума хьайна /цунах/ алссам тIекхиар лоьхуш

    74:6
  7. وَلِرَبِّكَ فَاصْبِرْ

    Хьо Кхиош-кхобучун /гIуллакхна/ собаре хила

    74:7
  8. فَإِذَا نُقِرَ فِي النَّاقُورِ

    Сур лекхначу хенахь (шолгIа локху сур)

    74:8
  9. فَذَٰلِكَ يَوْمَئِذٍ يَوْمٌ عَسِيرٌ

    Иза оцу дийнахь хала де ду

    74:9
  10. عَلَى الْكَافِرِينَ غَيْرُ يَسِيرٍ

    /Делах/ тешаш боцучарна атта доцуш

    74:10
  11. ذَرْنِي وَمَنْ خَلَقْتُ وَحِيدًا

    Вита Со а и Ас кхоьллинарг а тхаьш

    74:11
  12. وَجَعَلْتُ لَهُ مَالًا مَمْدُودًا

    Ас хилийтира цунна шортта даьхни а‚

    74:12
  13. وَبَنِينَ شُهُودًا

    КIентий а, шаьш цуьнца цхьана /гуттар/ лаьтташ

    74:13
  14. وَمَهَّدْتُ لَهُ تَمْهِيدًا

    Ас аьтто бира цунна /хаза/ аьтто барца

    74:14
  15. ثُمَّ يَطْمَعُ أَنْ أَزِيدَ

    ТIаккха а лиира цунна Ас совдаккха /шен хьал/

    74:15
  16. كَلَّا ۖ إِنَّهُ كَانَ لِآيَاتِنَا عَنِيدًا

    ХIан-хIа! Баккъалла а, иза хилира Тхан аяташна дуьхьал

    74:16
  17. سَأُرْهِقُهُ صَعُودًا

    Ас тIеюьллур ю цунна ирхо (Iазапан мохь)

    74:17
  18. إِنَّهُ فَكَّرَ وَقَدَّرَ

    Баккъалла а, цо ойла йора‚ хьесап а дора

    74:18
  19. فَقُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ

    ХIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?

    74:19
  20. ثُمَّ قُتِلَ كَيْفَ قَدَّرَ

    ТIаккха а хIаллакхиларг! Муха дора цо хьесап?

    74:20

Гочдар: Магомед Магомедов