Сурат 75 Аль-къийама (Къемат де), аят 1 – 30
-
لَا أُقْسِمُ بِيَوْمِ الْقِيَامَةِ
ХӀан-хӀа! Дуй боу Ас къематденца
75:1 -
وَلَا أُقْسِمُ بِالنَّفْسِ اللَّوَّامَةِ
ХӀан-хӀа! Дуй боу Ас дукха бехкаш бохучу сица
75:2 -
أَيَحْسَبُ الْإِنْسَانُ أَلَّنْ نَجْمَعَ عِظَامَهُ
Адамна моьтту-те Оха янне гулйийр яц шен даьӀахкаш?
75:3 -
بَلَىٰ قَادِرِينَ عَلَىٰ أَنْ نُسَوِّيَ بَنَانَهُ
ХӀаъ! Ницкъ болуш ду /Тхо/ цуьнан пӀелгаш /гулдина‚ вовшахтоьхна/ дӀанисдан
75:4 -
بَلْ يُرِيدُ الْإِنْسَانُ لِيَفْجُرَ أَمَامَهُ
ХӀаъ‚ луу адамна къинош дан /и къематде харцдарца/ шен хьалха /йисинчу заманчохь/
75:5 -
يَسْأَلُ أَيَّانَ يَوْمُ الْقِيَامَةِ
Хотту цо /къинош динчу керста адамо, ца вешаш/: 'Маца хир ду и къематде?'
75:6 -
فَإِذَا بَرِقَ الْبَصَرُ
БӀаьрса /хьере хилла/ дӀатохаделча
75:7 -
وَخَسَفَ الْقَمَرُ
Бутт лаьцича /шен нур дӀадихьна‚ бода хилча/
75:8 -
وَجُمِعَ الشَّمْسُ وَالْقَمَرُ
Малх а‚ бутт а вовшахтоьхча
75:9 -
يَقُولُ الْإِنْسَانُ يَوْمَئِذٍ أَيْنَ الْمَفَرُّ
Эр ду адамо оцу /къемат/дийнахь: 'Мичахь ю дӀавадан меттиг?'
75:10 -
كَلَّا لَا وَزَرَ
ХӀан-хӀа! ДӀавадан меттиг ма яц!
75:11 -
إِلَىٰ رَبِّكَ يَوْمَئِذٍ الْمُسْتَقَرُّ
Хьуо Кхиош-кхобучунна тӀе ю оцу дийнахь дӀанисвалан меттиг
75:12 -
يُنَبَّأُ الْإِنْسَانُ يَوْمَئِذٍ بِمَا قَدَّمَ وَأَخَّرَ
ДӀадуьйцур ду оцу дийнахь адаме цо хьалхадаьккхинарг а‚ цо тӀаьхьатаьттинарг а
75:13 -
بَلِ الْإِنْسَانُ عَلَىٰ نَفْسِهِ بَصِيرَةٌ
ХӀаъ‚ тӀаккха адам ша шена тӀехь теш хир ду-кх (массо а межено тешалла дийр ду ша диначунна тӀехь)
75:14 -
وَلَوْ أَلْقَىٰ مَعَاذِيرَهُ
Шен бехказлонаш цо мел ялича а /къобалйийр яц уьш/
75:15 -
لَا تُحَرِّكْ بِهِ لِسَانَكَ لِتَعْجَلَ بِهِ
Хьан мотт ма хьавзабе /Джабраил малико хьайга Къуръанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сих валархьама /хьайна дагахь цадисаран кхоьруш, хӀай Мухьаммад/
75:16 -
إِنَّ عَلَيْنَا جَمْعَهُ وَقُرْآنَهُ
Баккъалла а, Тхуна тӀехь ду иза гулдар а /хьан дагчохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/
75:17 -
فَإِذَا قَرَأْنَاهُ فَاتَّبِعْ قُرْآنَهُ
Оха иза доьшуш, тӀаьхьахӀотта цуьнан дешарна
75:18 -
ثُمَّ إِنَّ عَلَيْنَا بَيَانَهُ
ТӀаккха Тхуна тӀехь ду иза билгалдаккхар а
75:19 -
كَلَّا بَلْ تُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ
ХӀаъ! Шу ма дезаш ду сиханиг
75:20 -
وَتَذَرُونَ الْآخِرَةَ
Аш /дтесна/ дуьтуш ма ду тӀаьхьарниг (эхарт)
75:21 -
وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَاضِرَةٌ
Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚
75:22 -
إِلَىٰ رَبِّهَا نَاظِرَةٌ
Шаьш Кхиош-кхобучуьнга хьоьжуш
75:23 -
وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ بَاسِرَةٌ
Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла
75:24 -
تَظُنُّ أَنْ يُفْعَلَ بِهَا فَاقِرَةٌ
Шайна тӀехь боккха ницкъ бина хьуна хеталуш
75:25 -
كَلَّا إِذَا بَلَغَتِ التَّرَاقِيَ
ХӀан-хӀа! /Са озина доккхуш/ и логе кхаьчча, /цо сауьйзуш/,
75:26 -
وَقِيلَ مَنْ ۜ رَاقٍ
Эр ду /цуьнан гергарчара/: 'Хьан тавийр вара /хра/?'
75:27 -
وَظَنَّ أَنَّهُ الْفِرَاقُ
Хуур ду /адамна/ хӀара /дуьненах/ дӀакъастар дуйла
75:28 -
وَالْتَفَّتِ السَّاقُ بِالسَّاقِ
/Сауьйзуш ветталуш/ ност ностарх кхетар ю
75:29 -
إِلَىٰ رَبِّكَ يَوْمَئِذٍ الْمَسَاقُ
Хьуо Кхиош-кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дӀалахкар /шаьш йинчу Ӏамалах бекхам эцан/
75:30
Гочдар: Магомед Магомедов