Сурат 75 Аль-къийама (Къемат де)
-
لَا أُقْسِمُ بِيَوْمِ الْقِيَامَةِ
ХIан-хIа! Дуй боу Ас къематденца
75:1 -
وَلَا أُقْسِمُ بِالنَّفْسِ اللَّوَّامَةِ
ХIан-хIа! Дуй боу Ас дукха бехкаш бохучу сица
75:2 -
أَيَحْسَبُ الْإِنْسَانُ أَلَّنْ نَجْمَعَ عِظَامَهُ
Адамна моьтту-те Оха янне гулйийр яц шен даьIахкаш?
75:3 -
بَلَىٰ قَادِرِينَ عَلَىٰ أَنْ نُسَوِّيَ بَنَانَهُ
ХIаъ! Ницкъ болуш ду /Тхо/ цуьнан пIелгаш /гулдина‚ вовшахтоьхна/ дIанисдан
75:4 -
بَلْ يُرِيدُ الْإِنْسَانُ لِيَفْجُرَ أَمَامَهُ
ХIаъ‚ луу адамна къинош дан /и къематде харцдарца/ шен хьалха /йисинчу заманчохь/
75:5 -
يَسْأَلُ أَيَّانَ يَوْمُ الْقِيَامَةِ
Хотту цо /къинош динчу керста адамо, ца вешаш/: 'Маца хир ду и къематде?'
75:6 -
فَإِذَا بَرِقَ الْبَصَرُ
БIаьрса /хьере хилла/ дIатохаделча
75:7 -
وَخَسَفَ الْقَمَرُ
Бутт лаьцича /шен нур дIадихьна‚ бода хилча/
75:8 -
وَجُمِعَ الشَّمْسُ وَالْقَمَرُ
Малх а‚ бутт а вовшахтоьхча
75:9 -
يَقُولُ الْإِنْسَانُ يَوْمَئِذٍ أَيْنَ الْمَفَرُّ
Эр ду адамо оцу /къемат/дийнахь: 'Мичахь ю дIавадан меттиг?'
75:10 -
كَلَّا لَا وَزَرَ
ХIан-хIа! ДIавадан меттиг ма яц!
75:11 -
إِلَىٰ رَبِّكَ يَوْمَئِذٍ الْمُسْتَقَرُّ
Хьуо Кхиош-кхобучунна тIе ю оцу дийнахь дIанисвалан меттиг
75:12 -
يُنَبَّأُ الْإِنْسَانُ يَوْمَئِذٍ بِمَا قَدَّمَ وَأَخَّرَ
ДIадуьйцур ду оцу дийнахь адаме цо хьалхадаьккхинарг а‚ цо тIаьхьатаьттинарг а
75:13 -
بَلِ الْإِنْسَانُ عَلَىٰ نَفْسِهِ بَصِيرَةٌ
ХIаъ‚ тIаккха адам ша шена тIехь теш хир ду-кх (массо а межено тешалла дийр ду ша диначунна тIехь)
75:14 -
وَلَوْ أَلْقَىٰ مَعَاذِيرَهُ
Шен бехказлонаш цо мел ялича а /къобалйийр яц уьш/
75:15 -
لَا تُحَرِّكْ بِهِ لِسَانَكَ لِتَعْجَلَ بِهِ
Хьан мотт ма хьавзабе /Джабраил малико хьайга Къуръанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сих валархьама /хьайна дагахь цадисаран кхоьруш, хIай Мухьаммад/
75:16 -
إِنَّ عَلَيْنَا جَمْعَهُ وَقُرْآنَهُ
Баккъалла а, Тхуна тIехь ду иза гулдар а /хьан дагчохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/
75:17 -
فَإِذَا قَرَأْنَاهُ فَاتَّبِعْ قُرْآنَهُ
Оха иза доьшуш, тIаьхьахIотта цуьнан дешарна
75:18 -
ثُمَّ إِنَّ عَلَيْنَا بَيَانَهُ
ТIаккха Тхуна тIехь ду иза билгалдаккхар а
75:19 -
كَلَّا بَلْ تُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ
ХIаъ! Шу ма дезаш ду сиханиг
75:20
Гочдар: Магомед Магомедов