Сурат 75 Аль-къийама (Къемат де), аят 16 – 19

  1. لَا تُحَرِّكْ بِهِ لِسَانَكَ لِتَعْجَلَ بِهِ

    Хьан мотт ма хьавзабе /Джабраил малико хьайга Къуръанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сих валархьама /хьайна дагахь цадисаран кхоьруш, хIай Мухьаммад/

    75:16
  2. إِنَّ عَلَيْنَا جَمْعَهُ وَقُرْآنَهُ

    Баккъалла а, Тхуна тIехь ду иза гулдар а /хьан дагчохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/

    75:17
  3. فَإِذَا قَرَأْنَاهُ فَاتَّبِعْ قُرْآنَهُ

    Оха иза доьшуш, тIаьхьахIотта цуьнан дешарна

    75:18
  4. ثُمَّ إِنَّ عَلَيْنَا بَيَانَهُ

    ТIаккха Тхуна тIехь ду иза билгалдаккхар а

    75:19

Гочдар: Магомед Магомедов