Сурат 75 Аль-къийама (Къемат де), аят 31 – 40

  1. فَلَا صَدَّقَ وَلَا صَلَّىٰ

    Бакъ ца дора / керста адамо хӀара дин/‚ ламаз а ца дора

    75:31
  2. وَلَٰكِنْ كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ

    Амма харцдора /Къуръан/‚ юхавелира /ийманах/

    75:32
  3. ثُمَّ ذَهَبَ إِلَىٰ أَهْلِهِ يَتَمَطَّىٰ

    ТӀаккха шен доьзална тӀе воьдура кураволуш

    75:33
  4. أَوْلَىٰ لَكَ فَأَوْلَىٰ

    Ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

    75:34
  5. ثُمَّ أَوْلَىٰ لَكَ فَأَوْلَىٰ

    ТӀаккха ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

    75:35
  6. أَيَحْسَبُ الْإِنْسَانُ أَنْ يُتْرَكَ سُدًى

    Моьттуш ду-те адамна ша эрна дуьтур ду /дендина барт ца хоттуш /?

    75:36
  7. أَلَمْ يَكُ نُطْفَةً مِنْ مَنِيٍّ يُمْنَىٰ

    Иза (адам) дацара ткъа /хилла/ тӀадамах (зудчунна чу кхоьссинчу стеган хих)?

    75:37
  8. ثُمَّ كَانَ عَلَقَةً فَخَلَقَ فَسَوَّىٰ

    ТӀаккха дукъаделла ц хилира цунах. ТӀаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/

    75:38
  9. فَجَعَلَ مِنْهُ الزَّوْجَيْنِ الذَّكَرَ وَالْأُنْثَىٰ

    ТӀаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а

    75:39
  10. أَلَيْسَ ذَٰلِكَ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَنْ يُحْيِيَ الْمَوْتَىٰ

    Ткъа И /Дела, Ша цу кепара тамаше хманаш кхоьллинарг/ ницкъ кхочуш вац белларш денбан? /Ву, делора!/

    75:40

Гочдар: Магомед Магомедов