Сурат 78 Ан-набаъ (Хабар), аят 1 – 29

  1. عَمَّ يَتَسَاءَلُونَ

    Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?

    78:1
  2. عَنِ النَّبَإِ الْعَظِيمِ

    Сийлахь-доккхачу хабарх!

    78:2
  3. الَّذِي هُمْ فِيهِ مُخْتَلِفُونَ

    Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу

    78:3
  4. كَلَّا سَيَعْلَمُونَ

    ХӀан-хӀа! ТӀаьхьа хуур ду царна!

    78:4
  5. ثُمَّ كَلَّا سَيَعْلَمُونَ

    ТӀаккха а хӀан-хӀа! ТӀаьхьа хуур ду царна!

    78:5
  6. أَلَمْ نَجْعَلِ الْأَرْضَ مِهَادًا

    Оха ца дина латта мотт хилла ?

    78:6
  7. وَالْجِبَالَ أَوْتَادًا

    Лаьмнаш хьостамий хилла?

    78:7
  8. وَخَلَقْنَاكُمْ أَزْوَاجًا

    Оха кхоьллина шу шиш (боьрша а‚ сте а)

    78:8
  9. وَجَعَلْنَا نَوْمَكُمْ سُبَاتًا

    Оха хилийтина шун наб садаӀар хилла

    78:9
  10. وَجَعَلْنَا اللَّيْلَ لِبَاسًا

    Оха хилийтина буьйса духар хилла

    78:10
  11. وَجَعَلْنَا النَّهَارَ مَعَاشًا

    Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/

    78:11
  12. وَبَنَيْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعًا شِدَادًا

    Оха йоьга шуна тӀехула ворхӀ чӀогӀа /стигал/‚

    78:12
  13. وَجَعَلْنَا سِرَاجًا وَهَّاجًا

    Оха бина тх лепаш чиркх (малх)

    78:13
  14. وَأَنْزَلْنَا مِنَ الْمُعْصِرَاتِ مَاءً ثَجَّاجًا

    Оха даийтина Ӏовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи (догӀа)

    78:14
  15. لِنُخْرِجَ بِهِ حَبًّا وَنَبَاتًا

    Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚

    78:15
  16. وَجَنَّاتٍ أَلْفَافًا

    Луьста бошмаш а

    78:16
  17. إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ كَانَ مِيقَاتًا

    Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна

    78:17
  18. يَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ فَتَأْتُونَ أَفْوَاجًا

    Оцу дийнахь сур локхур ю шу догӀур ду тобанашца

    78:18
  19. وَفُتِحَتِ السَّمَاءُ فَكَانَتْ أَبْوَابًا

    ДӀаеллира стигал цунах хилира неӀарш

    78:19
  20. وَسُيِّرَتِ الْجِبَالُ فَكَانَتْ سَرَابًا

    ДӀадихьира лаьмнаш /царах/ дисира шаьш хилла сурт

    78:20
  21. إِنَّ جَهَنَّمَ كَانَتْ مِرْصَادًا

    Баккъалла а, жоьжахати хилира кӀелонна йоьгӀна (керстанаш чубаре хьоьжуш)‚

    78:21
  22. لِلطَّاغِينَ مَآبًا

    /Делан дозанех/ тӀехбевлачарна чугӀойла хилла

    78:22
  23. لَابِثِينَ فِيهَا أَحْقَابًا

    Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь

    78:23
  24. لَا يَذُوقُونَ فِيهَا بَرْدًا وَلَا شَرَابًا

    Ӏовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а

    78:24
  25. إِلَّا حَمِيمًا وَغَسَّاقًا

    Лалийна хи а‚ наткъарш бен

    78:25
  26. جَزَاءً وِفَاقًا

    /Царна/ нийсса богӀуш бекхам бу /иза/

    78:26
  27. إِنَّهُمْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ حِسَابًا

    Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе

    78:27
  28. وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كِذَّابًا

    Цара харцдора Тхан аяташ тх харцдарца

    78:28
  29. وَكُلَّ شَيْءٍ أَحْصَيْنَاهُ كِتَابًا

    Массо а хӀума дӀатергалдина Оха жайнаца!

    78:29

Гочдар: Магомед Магомедов