Сурат 78 Ан-набаъ (Хабар)

  1. عَمَّ يَتَسَاءَلُونَ

    Стенах /лаьцна/ вовшашка хоьтту цара?

    78:1
  2. عَنِ النَّبَإِ الْعَظِيمِ

    Сийлахь-доккхачу хабарх!

    78:2
  3. الَّذِي هُمْ فِيهِ مُخْتَلِفُونَ

    Шаьш цу чохь хилпало йолуш долчу

    78:3
  4. كَلَّا سَيَعْلَمُونَ

    ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!

    78:4
  5. ثُمَّ كَلَّا سَيَعْلَمُونَ

    ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду царна!

    78:5
  6. أَلَمْ نَجْعَلِ الْأَرْضَ مِهَادًا

    Оха ца дина латта мотт хилла ?

    78:6
  7. وَالْجِبَالَ أَوْتَادًا

    Лаьмнаш хьостамий хилла?

    78:7
  8. وَخَلَقْنَاكُمْ أَزْوَاجًا

    Оха кхоьллина шу шиш (боьрша а‚ сте а)

    78:8
  9. وَجَعَلْنَا نَوْمَكُمْ سُبَاتًا

    Оха хилийтина шун наб садаIар хилла

    78:9
  10. وَجَعَلْنَا اللَّيْلَ لِبَاسًا

    Оха хилийтина буьйса духар хилла

    78:10
  11. وَجَعَلْنَا النَّهَارَ مَعَاشًا

    Оха хилийтина де дахар хилла /шайн хьашташ кхочушдан/

    78:11
  12. وَبَنَيْنَا فَوْقَكُمْ سَبْعًا شِدَادًا

    Оха йоьга шуна тIехула ворхI чIогIа /стигал/‚

    78:12
  13. وَجَعَلْنَا سِرَاجًا وَهَّاجًا

    Оха бина тх лепаш чиркх (малх)

    78:13
  14. وَأَنْزَلْنَا مِنَ الْمُعْصِرَاتِ مَاءً ثَجَّاجًا

    Оха даийтина Iовдаш йолчу мархийн юккъера дуттуш долу хи (догIа)

    78:14
  15. لِنُخْرِجَ بِهِ حَبًّا وَنَبَاتًا

    Цуьнца Оха схьабаккхархьама буьртиг а‚ орамат а‚

    78:15
  16. وَجَنَّاتٍ أَلْفَافًا

    Луьста бошмаш а

    78:16
  17. إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ كَانَ مِيقَاتًا

    Баккъалла а, къастаман де хилла хан тоьхна

    78:17
  18. يَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ فَتَأْتُونَ أَفْوَاجًا

    Оцу дийнахь сур локхур ю шу догIур ду тобанашца

    78:18
  19. وَفُتِحَتِ السَّمَاءُ فَكَانَتْ أَبْوَابًا

    ДIаеллира стигал цунах хилира неIарш

    78:19
  20. وَسُيِّرَتِ الْجِبَالُ فَكَانَتْ سَرَابًا

    ДIадихьира лаьмнаш /царах/ дисира шаьш хилла сурт

    78:20

Гочдар: Магомед Магомедов